ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - Хьусайн Шовхалов 2 стр.


Гой хьуна, х1ай лараме нана, х1ай лараме бусулба йиша, ма яз йинакх хьо Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна), дех диначуллаъ кхузза сов Дала 1уналла дина хьоьца!!


Цундела, ненан сий дукха ч1ог1а дан дезаш ду. Цуьнца ларам алсам хила безаш бу.

3-ЙО1аРИЙ БАЙА МЕГАШ

ЦА ХИЛАР

Хьалха 1аьрбойн 1адат хилла зудчо стагна йо1 йича, дена т1е эхь деъна лоруша хилла. Иза шена хиъча, да юхь т1ехь 1аржалой, г1айг1ане а вужий, нахан гучу вала эхь хеташ леч1къаш лелаш хилла.

Сийлахь-Везчу Дала боху къуръан чохь:

<<Царах цхьанна йо1 хилла аьлла цуьнга кхаъ баьккхича, юьхь 1аржало цуьнан, ч1ог1а оьг1аз вахна а волуш. Хьулбо цо нахах шега баьккхинчу кхаах хилла болу цатам. Ша сийсаз ваьлла а хеташ дийна юьтура ю цо иза, я лаьттах юллур ю те, ма вуо х1ума дукх цара деш дерг (и лаьттах йолларца)7>>.


Иштта ирча кхаъ хеташ хилла цунна шнга баьккхинарг.

Царна йо1 иштта ч1ог1а ца езарн бахаьан хилла иза т1аман пайде ца хилар, мостаг1 юх тоха цуьнан ниц1къ ца хилар, божарий санна къа а хьоьгуш цо риц1къ доккхуш ца хилар, цунна даиман харж ян езаш хилар. Цундела, цунах зе хилар бен пайда бац аьлла, йо1а йийна д1аяккхалла бен мах хадош хилла цара цуьнан.


Цундела, и эхь шайна т1ера д1а даккхархьам, дас шен йо1 дуьненчу ма яьллехь, иза дийна йолушехь лаьттаха юллуша хила, я цуьнан ши-кхо шо кхьачча юьш хила.

Иза ч1ог1а ирча 1адат хилла церан, цхьанний кепара Сийлахь-везчу Дала дуьтура доцуш. Цундела, Сийлахь-Везчу Дала Ислам дин досса дола дича, Цо хьарам дира йо1арий бойар.

Сийлахь-Везчу Дала къуръан чохь аьлла, къемат дийнахь Ша цара йийначу йо1е хоттург хилар:

«Къемат де хоьттича дийна йолуш лаьттах йоьллинчу йо1е Дала хоттура ду, х1у къа бахьаан долуш йийра цара хьо?

Назад