ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ - Хьусайн Шовхалов 2 стр.


Шоллаг1наг: Аьтто ког д1аа хоттийна, аьро ког буха бахийтина, цунна т1е охьа хаар.


Иштта охьахаар вайна билгалла дина, стаг кура сеттина охьа ца хаийта ша яах1ум юуш, х1унда аьлча, бусулба стаг ша яах1ум юуш нахах къаьста ца г1ерташ, оьзда хиина 1аш хила везаш волун дера.

Кху шина кепара охь хаара деза ду, вуьшта, муьлхачу кепара охьа хаа мегар ду, аьтто я аьро куьйга т1е таь1ина ца хилчахьан лакхахь хьахдина ма хилар.

8) -ГАЙ Т1ЕХЬ ВИЖИНА ВОЛУШ ЯАХ1УМ ЦА ЯАР

Гай т1ехь вижина волуша яах1ума яара, яах1ум яаран бусулба динан г1иллакхашах дац.

Пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна) дика ца лаьрра иза.

1абдуллах1 ибн 1умаро (Аллах1 реза хуьлда цаьршинна) дийцина:

«Пайхамаро (Аллах1ера хьаставар а, маршо а хуьлда цунна) ца магинера ч1аг1ар т1ехь долу стоьла хьалха охьа хаар а, гай т1ехь д1а а вижина яа х1ума яр а»8.


Гай т1ехь яах1ум яар хьарам ду бохург дац и, делахьаъ, дика дац из, мелехь дац, бусулба динац дог1уш дац. Нийсох а, мелехь а дерг лакхахь хьахдина ма хилар охь хиъна волуш яар ду.

9) -ЯЪХ1УМА ЮУШ ЦХЬАНА КХЕТТА ГУЛБАЛАР

Деза г1иллакхех ду яах1ума юуш берш гулбелла, цара цхьаний яах1ум яар, х1орамо ша-ша а ца юуш, х1унда аьлча, цхьаний яах1ума яаро юучу х1уманан беркат са доккху дера.

Цхьаболу асхьа́баша (Аллах1 реза хуьлда царна) пайхамарига (Делера салават а, а, маршо а хуьлда цунна) элира:  «Оха яа х1ума юу, делахь а, тхо дуза ца дузу».  «Аш яах1ума цхьаний вовшах кхетта юуш хира яц»?  хаьттира цаьрга Пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда царна)  «Цхьаний ца юу оха»  элира цара.  «Шаьш яах1ума юуша вовшах кхаьтта цхьаний яа, биссмал а даккха, Дала беркат дийра ду шуна шун яах1умангахь,  элира пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна).9»


Цундела, цхьан х1усамехь болу наха, я цхьана гулбеллачу наха х1орамо ша-ша а ца юуша, цхьаний вовшах кхетта яара вай динан г1иллакхах ду, мелехь ду, юу х1ума алсам беркате хиларх а ду.


Иштта пайхамаро (Аллах1ера хьаставар а, маршо а хуьлда цунна аьлла):

«Цхьана стега яах1ума шинна тоьара ю, шинний яах1ума веана тоьар ю, веани яах1ума бархана тоьара ю10».


И бохурга, яах1ума къезиг ялахь а, иза юуш гулбалар дика хилар ду, къезиг ялахьаъ вовше екъар а ду.

10) -ЯАХ1УМА КЕЧ А ЙИНА, НАХ КХАЙКХАР

Мелехь ду нах яах1умане кхайкхара. Яах1ум кеч йина кхойкхийла цо уьш, я цхьанна яах1ума юу меттиге кхойкхийла цо уьш.

Яах1ума наханна яа яр Аллах1ана дезаш х1ума ду, ял хуьлуша х1ума ду иза.

Алах1ано боху къуръан чохь:

«Аллах1ана муьт1ахь хуьлуш болучара яах1ума яа йо, шайна и езашехь а, шеш цуьнга хьаште болушехь а, мискачу стагана а, буо берана а, йовсарна а. Цара олу, оха шуна яах1ума яа йо Аллах1ан дуьхьа, шуьгара бекхам а, баркалла а ца оьшу тхуна11»


Цу аятехь Алах1ано гойту вайна, яах1ума яош волучунна ният ц1енна Аллах1ан дуьхьа хила дезаш хилар, ша дечу дикачу х1уманехь адамигара цхьанне х1уманга сацатийсар.

Нахерга яах1ума юийтуша волучунна, пайхамарийн (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна) сунната ч1аг1дарна а, даржадарна а яьл хуьлу.

Назад