Иштта чекхъелира лаьмнашкахь ялсамане санна йолу йовха аьхке. Дитташна т1ера, маждеш, г1аш а эгийна, гуьйре а хьаьдда т1ехйолуш яра. Шелонан дуьххьара денош а дара малхаца къийсалуш чуьрадевлла. Жимчу Зараъин Сирдинан-м цхьанна самукъадолура г1аш эгна чекх са гуш елахь а, хьуьна юккъехула лам буьххье хьодуш, детин з1аьнарша туьйсуш долчу седарчашца а, боккха корта болу можачу баттаца а къуьйсуш. Тешамен а, самукъане а доттаг1-дин карийнера жимачу Зараъина, амма къоначу йоь1ан б1аьргашна чохь даима а хаъалора сингаттам. Накъостий мехкарий шайн безамаш карош а, маре оьхуш, шайн дахаран некъ билгала боккхуш бара. Зараъина кхочушдерг мехкарийн шабар-шибарш бен дацара. Висита кхин Теркана дехьа ца вахара, шен даьхни а, ирзо а лелош тийначу дахаре ваьллера и. Зараъ йолчу х1ора дийнахь бохург санна вог1ура жима стаг, амма шен йишица санна вара и даима а х1окхуьнца. Делахь а кхин цхьанна а йо1ана т1ехьаьвзина, захалу дийцина хаъавелла а вацара и. Зараъина-м и х1аваъ санна вара, схьахетарехь! Х1аваъ долуш, вай цуьнан тидам а ца бо, амма и доцуш цхьа минот а ца дахало дуьненчохь. Зараъас кест-кестта олура Виситига:
Ванах, Виса, хьо цхьана а йо1ана т1ехьаьвзаш а ма вац! Хьо зуда ялон дагахь а вац?
Амма Виситас бегаш бора дуьхьала:
Сайн йише кхочуш ериг ца карийна суна х1инца а! олий.
«Ткъа, нагахь Висас боккъал а зуда ялаяхь, аса х1ун дийр ду техьа?» ойлано хьовзайора Зараъ наггахь.
Дуьххьара шийла денош а кхечира эххар а нохчийн лаьмнашка, дуьххьара ло а кхоьссира. Шелоно делахь а, т1емашкахь дукха хиллачу чевнаша делахь а воккха стаг Болат ц1аьххьана цамогуш хилла вуьйжира метта. Меттахь к1ира даьккхича цкха цхьана суьйрана Зараъица шаьш цхьана дисинчу хенахь, цо йо1е элира:
Зараъ, сан йо1, хьо ч1аг1лолахь, хала денош т1екхочуш ду хьуна. Со меттара кхин г1атталура воцуш цамогуш хилла, хьо х1окху нана дуьненчохь цхьаъ йитина д1авахан дезаш ву со кестта. Хьо хьуо юьсура юйла хууш санна, аса цхьацца хьуьнарш-м 1амийнера хьуна, делахь а со ч1ог1а г1алата ваьлла. Х1инца, со к1елависича бен ца кхийти со. И сан бехк бу, суна къинт1ера ялахьа.
Ахьа х1ун дуьйцу, дада? Ма кхераехьа со! б1аьрхи хьаьдира йоь1ан сирачу б1аьргех.
Йо1 ден куьйг буйна а лаьцна 1аш яра, гонаха хуьлуш дерг г1енаха долуш санна хеташ.
Уьйт1ахь Сирдин терсаш хийтира воккхачу стагана. Йоь1ан коьртах куьйг а хьокхуш, сихавелира и шен къамел чекхдаккхан:
Зараъ, сан йо1, со могуш волуш хьан дахаран ойла ян езаш хиллера ас! Со д1аваьлча, хьан бийр бу хьан амал. Ц1аьххьана, хабар дуьйцуш волуш, цамгаро хьовзийра воккха стаг. Дикка 1ийра и дош ца алалуш, жимма чу садеъча сихвелира и къамел чекхдаккхан. Виситица цхьана х1усама кхолла еза ахьа. Цуьнга кхочуш суна вевзаш к1ант вац Маржа я1 ма г1алат дели сох! Зараъ, хезаш юй хьо? Хьо хьадий г1о, аса кхойкху ала Виситига!
Дада, Дада! йо1 лаьттара, ша х1ун дийр ду ца хууш.
Сан йо1! Ладог1а соьга! Ма яйъа эрна хан сихха кхайкха Виситига! т1аьххьарачу ницкъаца мохь элира Болатас.
Со х1инцца со сихха.., арахьаьдира йо1, ша х1ун леладо ца кхеташ юха чухьаьдира.
Мохь ца алалуш, воккхачу стага куьйг ластийра, йо1 сихъеш. Зараъ къевла елира 1аьржачу буьйсанан кийрахь.
Дикка хан елира оцу меттехь, Зараъ юха гучуйолуш, Висита йо1ал хьалха чуиккхира воккха стаг волучу чу.
Ваша! Ваша! озах ца вохан г1ертара жима стаг
Дада..! багаг1аттийначохь лаьттара маьнгийна йистехь йо1.
Куьйг нисдина, ког нийсбина х1инцца набъозийча санна 1уьллура воккха стаг Болат. Дикка хьаьжичий бен кхеташ дацара и садоь1уш ца хилар.
Байлахь дисина жима ши бер санна юх-юххехь лаьттара воккха стаг т1ехь 1уьллучу маьнгина хьалха Виситий, Зараъий. Уьйт1ана юккъехь, стиглара эгачу даккхийрачу лайн чимашна бухахь, хиллачух кхеташ санна, тийна лаьттара Сирдин а.
Воккхачу стеган Болатан кошна т1ехь а лаьттара уьш кхоъ иштта вовшен уллохь: йо1, к1анттий жимма т1ехьа, корта олла а бина, Сирдинний.
Иштта д1адахара шийла 1а а, шийла б1аьсте а, кхин хийцамаш боцуш. Зараъ шен ц1ен чохь ша 1аш яра. Лула-кулара, генара гергара наха доладаран кеп х1оттош, бер-кер доийтура, йо1аца буьйсанаш яхан. Дийнахь-м даима а Висита хуьлура уллохь, Сирдин а.
Кхин цхьа 1а а дара юккъах т1ехтилла доьдуш. Воккха стаг кхелхина шо сов хан яьллера, эххар а Виситас хаьттира Зараъига:
Зараъ, суна схьахетарехь, ваша, ша кхелхачу суьйрана соьга цхьаъ ала воллура. Со ч1ог1а бехке ву цунна уллора д1аваьлла хилла, и могуш воцуш 1уьллуш волуш. Хьуна а хаьий техьа цунах х1ума? Х1ун ала г1ерташ кхайкхинера техьа цо соьга?
Зараъин б1аьргах жима седа санна хин т1адам хьаьдира. Ткъа муха алан дезара оьздачу йо1а, х1инца шен силла дукхавезаш волчу к1анте, дас ша д1акхалхале хьалха шена т1ехь йитина еза къайле! «Ша йигар хьуна т1едожийна дадас» алан дезара цо? Иштта дешнаш к1анте ца олуш-м х1ара яла а кийча ма хир яра.
Х1умма а ца элира йо1а шега динчу хаттарна дуьхьала. К1ант кхийтира, йо1ана ала бег1ийла ца хетийла, дас шега аьлларг. Кхин иштта хаттар ца дира Виситас Зараъига.
Уггаре а б1аьстенан денош хазделлачу хенахь кхечира лаьмнашка ирча къаъ! Паччахаьн эскарш г1оьртинера нохчийн аренца йолчу ярташна чу. Яккхий тоьпашца сийна ц1е тосуш йохаеш яра б1еннаш цхьанна а новкъа боцуш эзарнаш шарашкахь х1окху аренашца бехаш болчу нохчийн ярташ. «Аккхарой бу уьш!» ц1е кхоьллина х1аллакдеш дара машарен Делан адамаш, аганахь 1оьхку бераш а цхьаьна. Лаьмнашкара яхь йолу к1ентий, шайн тобанаш гулъеш, буьйлира аренгара вежаршна г1о-накъостала дан лаха бийса. Тамаш бойла дара оцу майрачу к1ентийн тобана юккъехь Висита а ца хилчи. Ша новкъа валале Зараъ йолчу кхечира и, алан дешнаш-м ца карадора:
Вашас санна аса а хьо цхьаъ юьту-кх хьо, сан хьоме йиша! бохура цо.
Амма йоь1ан б1аьргах хин т1адам а ца буьйжира х1инца, к1ант цец а воккхуш.
Хьан некъ оцу везчу Делан карахь бу-кх! Т1емана юккъехь ког ницкъала, куьйг маса хуьлийтийла хьан оцу Везчу Дала! олуш новкъаваьккхира йо1а жима стаг.
Виситин б1аьхойн, дошлойн тоба 1уьйрана новкъа йоккхуш нахаца а хилла, чуеъна йо1 сарралца яьллира кертахь даьхни д1а1алашдеш, кертахь ирзон т1ехь болх беш а. Суьйрана юххерачу лулахойх чекхъелира и, шен ц1енон а, даьхнин а 1уьналла дар царнна т1едуьллуш. Ша х1ун дагахь ю, мелла ханна хьовса деза шен бахаме, цунах дерг-м ца дийцира йо1а шен лулахошка. Лулахой дика хиларе терра, цара и санна долу хаттар дана а ца дира.
Буьйсана, лула-кулара нах набарна д1абийшинчу хенахь, Зараъас, нускал санна хаза кечбира шен маса Сирдин. Тоьллачех шена т1е озийра божарийн берзакъ. Герз а кечдира йо1а жима йолуш дуьйна шена дадас ма-1аммора. Т1уьналла т1екхочура йоцуш топ-молха, ирдина кечдина терс-маймал тур, дарг1ойн шаьлта, ц1елатон мокхаз а, Болатас мехкадаьттанах даьккхина сихадогу молха чу доьттина масех кхаба а. Кхинболу т1емалоша ца лоруш дицдина 1ад, деха-доца пхерчий чохь долу ботт а д1анисйира йо1а Сирдинан букъна т1ехь, нуьйрана уллохь. Дин кечбина, ша кечъелла, оьзда дина а яьлла, халлий бен бергийн тата ца лацалуш, юьртаха елира жима Зараъ.
Ма-торру хьуьннаха доьттинчу лаьмнашца, арцашна т1ехула, лахъелла, кадечу мохо ядийна хьош йолчу сирачу мархех тера, дукъделла техкаш лаьттачу диттийн баххьашна бухахула маса лахенгахьа охьашершаш яра Зараъин Сирдин. Керла сийна г1а даьллачу диттийн баххьаш дуьззина даьллачу зазийн яйн хазчу хьожаца ийна даьржинера, лаьмнашкахь бен кхин цхьана а меттехь ца хуьлуш долу, ц1ена х1аваъ!
Рог1енчу лекхачу арце Сирдин хьалаяьлча, диттийн жимма нилхалла йолучохь геннара гора аре. Хьаннаша техкош долу аьрцийн даккъаш сийна аренга охьахьаьддера. Арцашна юккъехула, 1инна чухула инзаре боккха лаьхьа санна хьийзаш, йоккхачу г1овг1анца лахенга хаьддера сирла тулг1е йолу доккха хи. Лайх, шанех дуьззина мархашна юккъехула ирх дахана, стиглах а г1оьртина лаьттачу лаьмнашкара охьахьаьдда дог1ура и хи. Моьттура и маса, сиха, девнен тулг1еш а ю, аренгахь дукха герзах доьттина чудеъначу паччахьан эскарна т1екхача сихделла. Оцу хин йисттехула ширчу некъаца охьайоьдура жима Зараъ шен Сирдинна т1ехь. Х1окхулла хьалха 1уьйрана охьабаханчу Виситин дошлойн говрийн ларанаш а яра хаъалуш, дас 1амийначу йо1ана. Гарехь, Сирдин аьрха хилар бахьана а, говр ша цхьаъ хиларна а мелла а, хьалха д1абаханчарна герга г1оьртинера йо1.
Буьйсана Виситеран б1аьхойн тоба мелла а делахь а, садо1ан дезаш яра. Царнна т1е1оттаялан 1алашо йолуш яцара йо1, цундела цо шен Сирдин а юхаозийра к1езига. И эрна а ца хиллера, буьйса юкъала т1ехъиккхинчу хенахь, йо1ана гена йоцуш хьалха к1уран хьожа кхийтира. Сирдинан бергийн тата хезардоцуш, говрана болар лах а дина, меллаша хьалха охьанехьа яхара Зараъ. Гена боцуш садо1ан д1анийсабеллачу дошлошна ша хаъалур йоцуш улло а яхана, Сирдин сацийра йо1а. Говрана т1ера нуьйра а яьккхина, и яжан д1ахийцира цо. Жимма х1ума кхоллуш пхьор а дина, нуьйра коьрте а йиллина, верта т1е а тесина садо1ан д1анисъелира Зараъ ша а.
Сатосучу седанца Сирдинас улло а еъна самаяьккхира йо1, и эрна а ца хиллера. Гена доцуш лахахь 1инчохь, лерг ира долчу йо1ана хезира, халла бен ца къаьсташ йолу дуккха а говрийн бергийн тата, т1улгенийн г1овг1ано ч1ог1а г1елдинехь а. Дукха хьиэм ца беш, сиха кечам бина, оцу говрийн бергийн лараца т1аьхьа йолаялийтира йо1а шен Сирдин а. Дукха хан юкъа ца юлуш, хьалаг1аьттира ц1ен малх а, сатосу седана серло ц1аьххьана лахъеш. Яккхий хьаннаш да1аса а тоьттуш, резадоцуш г1овг1ане хьаьдда йоьдучу хин тулг1енаш бахьана дика ца къаьстира хьалха д1аоьхучеран татанаш, аьзнаш, цундела Сирдин а йоьдура ког байбина. Схьахетарехь, аренга д1акхачан ши-кхоъ арц бен ца дисинера. Эххара а хина тулг1енаш хьалха санна ч1ог1а дера йоцуш парг1атъевллера, иза яра, хи аренга дала кечлуш хиларна билгало. Аренца лелан 1емина Сирдин а яра мелла а самукъадаьлла, хьекъален говрана а хаъаделлера сийна аре генайоцуш хилар.
Де делкъанехьа г1оьртира, ц1аьххьана т1аьххьара арц букъна т1ехьа а дуьсуш, хьалха д1аоьху б1аьхой а, царнна ца тусалуш йог1у Сирдин а аренца д1абуьйлалуш. Мелла а шорделла, парг1ата дог1учу хина бердана йистехула бара х1инца а хьалхалерачу заманан шира некъ. Аренгахь лахбеллачу бердах тулг1е тийсалуш дог1у хина йисттехь лахахь 1уьллуш йолчу нохчийн юьрта кхачан дагахь д1аг1ертара Висита хьалха а волуш кхо б1е сов хир волуш дошло. Ломахь санна лекха яцахь а, гонаха луьста хьун 1уьллура. Х1инца, дехьа-сехьа тог1еш йолуш шорделлачу хина бердана йисттехула дитташна юккъехула боьдура шира некъ. Мог1а бахбина, шиъ говра улло нислуш бог1ура дошлой. Х1орш д1акхачан беза юрт Теркана а, паччахьан эскаран коьрта г1опана дукха генахь яра. Цундела оцу юьртахь геннара некъ бина б1аьхой, жимма садо1ур шаьш, аьлла дагахь бара. Бевза-безарш а бара цхьаболчу дошлойн оцу хьалхахь 1уьллуш йолчу юьртахь. Виситина уллохь лекхачу дег1ехь волчу, 1аьржачу динахь вог1учу Вахина-м цу юьртахь, т1ехьийза дикка хан йолуш, хаза сирла месаш а йолуш, цхьа йо1 яра, ша санна хаза Малика бохуш шен ц1е а йолуш. Ваха Висител ши шо жима вара, делахь а, г1еххьа доттаг1алла дара цу шинна юккъехь. Виситица Теркал дехьа даьхни далон х1орш оьхучу хенахь а Виситина уллохь хуьлуш вара жима зудаберийн санна хаза юткъа юьхь йолу Ваха. Дуккха а шегара хьуьнарш гайтинера Вахас г1алг1азкхашца алссама хиллачу тасадаларшкахь а. Цуьнан расха дин а бара г1алг1азкхийн а, г1алмкхойн а аренашка боьду некъ дика бевзаш.
Мостаг1ий шайна генахь хиларе терра шайн бегаш беш, вовшийн хабарш а дуьйцуш, шайн дайх бисина махкахь шаьш хиларе терра майрра схьабог1ура ламанхой. Х1инца-м оцу юьртана улло а г1оьртинера дошлойн тоба. Ц1аьххьана Виситас аьтто куьйг айбира леккха нийсдеш. Дошлой мостаг1чунна т1елата кечаман санна говран нуьйрахь нийслуш, кечам бира, и куьйг шайна гушшехь. Хабарш а, беларш а цкъа а ца дийцича санна д1атийра. Мостаг1-м хуьлийла дацара кхузара майра к1ентий бехачу хьаннашка юккъехь, делахь а, т1емло массо а заманчохь ву тасавалан кийча хила дезаш. И-м ламанхойн к1антана бер долуш дуьйна хаара нохчийн лаьмнашкахь.
Виситас ша айбина куьйг охьадахийтира, дуьхьала вог1уш, тобана хьалха х1ун-мила ду хьожуш волу шиъ жимха дошлой а гина. Уьш бара Аьрзуй, Лечий бохуш, ч1ог1а каде, маса вуьрх1ийтта-берх1ийтта шераш долуш, кегирхой. Эскарна хьалха бевлла даима а хилан беза иштта хьалхахьажархой. Мостаг1 стенгахь ву, мелла ницкъа болуш а ву баьччина б1аьргаш хуьлий, хоийтура цара.
Шайна гина мостаг1ийн тоба мел онда елахьа а, баьччина хаам беш Аьрзу даима а хуьлура велакъежина, шена хаза к1айн цергаш а гойтуш. Леча-м оццул къона волушехь, хуьлура даима а хьаьжюккъе шед а беш, ша волучулла а воккха хетийта г1ерташ.
Жимма хьацартоьхна говраш а сацош дуьхьала кхаьчна ши к1ант воьхна вацахь а, цхьа сингаттам бахьаш-м веънера. Аьрзу а вацара шен самукъне къажар гойтуш.
Аша х1ун до, 1адийча санна? Исс корта болуш саьрмак-м ца гина шуна цигахь хьалхахь? собар кхачадеш хаттар дира Виситас к1енташка.
Эрна бохура Виситас к1енташка и санна дешнаш. Уьш-м дера бацара, цигахь Виситас буьйцу и исс корта болу саьрмак хиллехь а, боьхна хьаьвзира болуш. Оцу саьрмакан хьаьжюккъера яьккхина ма1а а яхьара йолуш бара и к1ентий-м. Амма х1инца вара и шиъ цхьана х1умано догдохийна.
Зударий цигахь, аьлла сецира Аьрзу.
Вайна хьалха йолу юрт мостаг1чо йохийна! Цу юьртара бевдда к1елхьарабевлла зударий-мах1ажарш бу гена боцуш х1окху некъа т1ехула схьабог1уш. Уьш ломахь к1елхьара бовлу дагахь бу! элира доцца, Висита кхетавеш, Лечас, шен хьаьжюьккъера шед а ца бостуш.
Мичхьа бу и зударий? Гайтал тхуна! олуш, шен говра некъат1ехула охьайолаялийтира Виситас.
Гена бац! олуш Аьрзус шен сиха дин хьалха кхоьссира Виситина. Лечас а шен говр д1аэккхийтира Аьрзуна т1аьххьа.
Кестта дошлошна гира ворданий ч1ургаша т1ехь ларнаш йитинчу некъахула хьалха г1ерташ йолу зударийн, берийн шиъ-кхоъ б1е хир йолуш йоккха тоба. Царех цхьаберш чевнаш йина болучух тера а дара, цхьацца бехчалгашца дихкина ког-куьйг дара церан ц1ех дуьзина. Дуьхьала бог1уш т1емлой гича, зударий некъана йистте дитташна юккъе а бовлуш сецира, сапарг1ат садо1ан. Уьш бевдда к1елхьара бевлла к1адбеллачух тера дара. Шаберш бохург санна бецана т1е охьалахбелира уьш. Хьалха йог1уш хилла куьйг дихкина йолу йоккха стаг Хьава, цунна г1одеш г1ортор хилла йог1уш хилла кхиъна йог1у йо1 а д1анисъелира дитта к1елахь бецана т1ехь. Висита вог1уш лаьтташехь говрара воьссина улло хилира зударшна. Цхьаболчу зударийн б1аьргех хинт1адамаш оьхура, амма церан белхар г1овг1а йоцуш тийна дара. Кегийрачу берийн ц1ог1наш-м дара кхераделла а, мацделла а хьоькхуш.
Йоккхачу стагна Хьавана улло вахана Виситас хаьттира:
Баба, куьйг лозийна ду хьан? Лозий хьан и? Дика д1адихкича х1ун дара техьа?
Куьйг-м ца лозура сан, жима стаг, дог лозу-кх, х1ара адамийн бала гуш. Вайга х1ун де боху техьа оцу боьхачу адамаша! Олуш, дуьйцуш х1ума а доцуш, 1уьйрана малх г1оттуш юьртана гуо а бина, яккхий тоьпаш йиттина адам х1аллак ди-кх оцу дела воцучу хьакхарчаша! Ягийна д1аяьккхи-кх цара и вайн юрт!
Божарий стенга бахана, баба? Дийна стагга а ца висина? хаьттира Виситас.
Мила дийна ву а ца хаьъа, мила вийна а ца хаьъа! Яккхийн тоьпаша х1оъа бетташ б1арзвинера шаверг а! Божарша а, дукхачу зударша а герз карахь дуьхьало йира оцу т1еман к1урна юккъехула. Царах х1ун хилла а ца хаьа тхуна-м, легашкахь хорам хилла хала дара Хьавана къамел дан.
Йоккхачу стаге садо1ийтуш Висита айбавелла некъаца охьахьаьжира. Йист ца гуш дукха бара мух1ажарш. Дошлой а говрашкара биссина шайн гергарнаш лохуш буьйлабеллера.
Баба, тхо даханза ца довлу шу ломарчу ярташка хьалакхачалур дуй-те? хаьттира Виситас.
Х1умма а дац, жима стаг, тхо-м т1амана к1елхьара девличахьана меллаша д1аг1уртура дара. Шу ма к1езига ду-кх оцу Делан мостаг1ашна дуьхьала, яккхийчу тоьпашна дуьхьала. Шортта т1емлой а гулбина дан дезар-кха царнна та1азар, оцу хьаькхийн хьожа йог1учу эскарна, шен корта, лозуш санна, лестабора йоккхачу стага.