Болатан Зараъ. Повесть - Хаджимурадов Вахит 5 стр.


 Цкъачунна хилла доккха х1ума дац, эцца цхьана салтийчунна топ кхетта,  куьйг хурашкин лабана улло а хьош, дуьхьала веънера инарлина хи дарна жоьпалла т1ехь долу эпсар.

 Ламанхой стенгахь бу т1аккха?  ца кхетара, шена т1ехьа яккхийн тоьпаш теттина бог1уш салтий а болуш, схьакхаьчна волу инарла.

 Сан г1аролаша дуьхьала тоьпаш а тоьхна кхерабелла хьуьнхахь лечкъина уьш-м!  дег1 нийса а деш инарлина хьалха лелхара эпсар.

 Шаьш акхарой елахь а, кхерабалар-м оцу ламанхошна х1ун ду а ца хаъара. Цхьа х1иллана ч1аг1о еш хир бу уьш. Бердаца д1а х1оттае йиъ йоккха топ! Вуьйш эскаршна вукху аг1онца шера аре ларъян д1ах1ийттае, шаьш хьалха хиллачу меттиге!  омра дира инарлас.  Ахьа гайтина турпалла хьуьнар ас паччахье дохьийтачу рапортехь билгалдоккхур ду!  жимма къажарна тайпа шен цигаьркан тонкин басахь йолу масех церг гайтира инарлас.

 Со хьан муьт1ахь лай ву-кх, хьан лекхара сийлалла!  даь1ахк еллачу ж1аьлин кепара хьаьвзира эпсар.

 Ламанхой-м лаьхкинера аша эскарна юург кечъян хи деъан аша?  ц1аьххьана дагадеъна хаьттира инарлас, массаьрга а бохург санна.

 Х1инцца, х1окху делан сохьтехь Со бехке ву къинт1ера валар доьху, хьан лаккхара сийлалла!  олуш д1атасавелира хих жоп луш волу эпсар, карахь ведар долуш а, доцуш а бобераш санна бердана йисттехь лаьттачу салташна улло.

 Стенга дехьана аша ведарш? Эхь ца хета шуна? Сихонца хинна т1е девдда доьлхуш гайтал суна! Марш!  цхьаберш хино т1адийна, вуьйш сацкъаро бехбина лаьттачу салташна т1евирзира эпсар.

Салтий ша-ша хьалха валан а г1ерташ бердах чутилира, т1ег1анаш т1ехула.

 Шишша ведар хи доцуш цхьаъ вуха верзахь аса бийр бу шун болх, заддарчий!  т1аьхьа мохь олуш берда йистте ша а д1ах1оьттира и, къерзош б1аьргаш а долуш, цергашна юккъе 1аьвдина дуткъа можа мекхан цхьа юьхьиг а йолуш.

Хин т1е боьлху салтий шай эгна ведарш а гулдеш хин а бердана а юккъера тог1ина чухула бевдда боьлхура, хина т1е кхачан сихбелла. Буьрка санна горга велахь а, массарел а каден волу цхьа салтий уггар а хьалха т1екхечира хинна. Д1аса а хьаьжина, хьуна аг1ора а хьаьжина, хьаьжана юккъе ж1арийн сурт х1отта ден кеп а йина, шен буйнара ший а ведар цхьана босса хина буха дахийтира цо. Амма ведарш хина бухахь дисира, ша салтий а «чхьоп-п!» аьлла хиш д1аса а тухуш хьаькхин санна горга муц1ар хьалха хин чу а 1уттуш вуьйжира. Генуо йолчу хьуьна юккъера яьллачу тоьпан тата т1аьхьуо кхечира схьа.

Назад