Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар - Хаджимурадов Вахит 2 стр.


 Барх1 кепек бу моьтту суна,  цунна т1аьхьа ч1ог1уочу озаца элира аса.

Сой 1арбий-м кхин а дикка гена д1авахан дезаш вара.

 Сайд1али, хьо стенга ваханера?  хаьттира 1арбис кхин цкъа а тхойшиъ цхьана висича.

 Эцца волалуш вара со-м,  дог ца дог1уш жоп делира аса.

 Цхьаьннаца дов даьлла-м ца ваханера хьо?  шен буйна лоцу ишколан т1оьрмиг куьг хуьйцуш вукха буйна буллуш хаьттира 1арбис, сох ша ца тешар а гойтуш, шен даима а санна девнен ч1ог1ачу озаца.

 Х1а-х1а, цхьа а дов дацара  д1ахадийра аса.

Сан догцадар цхьа цамгар санна хьакхаделира 1арбех а, иза а к1адвалар гучудоккхуш оллавелла ког боккхуш боларе велира. Кхин д1а баш къамел ца хилира тхойшинна, тхаьшинна цхьацца ойланашца кхечира тхойшиъ 1арби вехачу х1усамна улло а.

 Со суьйрана д1аван мега, карх далахь. Со ца хилахь а оцу Турпалхане шадолу хазадаьлла суьрташ д1а ма дахьийталахь, Сайд1али,  олуш шайн доккхачу аннех динчу кевнахь хьулвелира 1арби.

Со х1инца-м суо висира сайн ойланашца, сайн лазамца. Суна-м со ч1ога лиэнвина моьттура, хьан-стиэ ца къаьсташ делахь а. Кхечун б1аьргашца суна со ган йиш хилча кхетара вара: со кампет ца кхаьчначу берах тера хиларх х1инца. Суна стенах хаан дезара дахаро хийлаза иштта гойтуш, кховдош йолу кампет даима а мерза ца хилар, нагахь санна иза хьуна кхачахь а.

Со чукхаьчча, даима санна нене юург ца йоьхуш дехьа чу вахана буйна лоцу киншкаш чуьра т1оьрмиг соне а кхуссуш, ишколан духар ца хуьйцуш маьнги т1е аркъала д1атевжира. Со-м дог доьхна вара, соьга-м ца эккхадалора йоь1ан стигал беса б1аьргаш. Суна-м мерза а, новкъа а дара и б1аьргаш. Суна-м дуьне хаьдда цхьана 1инах чудахана моьттура. Суна-м оцу хенахь ца хаьара, ткъа иза хиллера сан дахарехь уггар а мерза, хаза мур. Самаха гуш долу г1ан санна йоь1ан б1аьргаша шен дахарехь цкъа мукъна а хьовзийнчу к1ентан дог кхетара ду-кх сох.

Суьйрана малхбузуш со набарх ваьккхира Турпалханан зевнечу оза:

 Хьо х1ун деш 1уьллу боьрша цициг санна дийнахь делккъехь вижина! Хьалаг1атта!  сан белш д1асатуьйхира доттаг1чо.

 Хьажал, аса еъначу фиксаже, вайна мегаш ерг юй? Барх1 кепек йоьхург-м ца карий суна оцу «Культтовараш» туькнахь, х1ара 14 кепек йоккхург ийци-кх аса. Мегар юй вайна иза?  суна т1ехьоьттина хоьттура Турпалханас кхин а, кхин а, со самаваьлла валлалц.

 Мичхьа ю и?  хаьттира аса, хиллачух ца кхеташ.

 Х1ара ю-кх,  суна мерк1ела еира Турпалхана фиксаж чохь йолу пакет.

 И х1ун ю?  хаьттира аса, суна-м самаха а, г1енаха а гуш ерг кхин яра, сан доттаг1 ца кхетара.

 Самавала, х1ай накъост. Фиксаж ю и аса вайна эцна,  сан хаттарх ца кхийтира Турпалхан.

 Фиксаж, фиксаж,  со маьнги т1ехь охьахиира.

 Хьажал ишттаниг мегаш юй вайна? Ахьа юьйцург ца карий суна,  ша эцна фиксаж ца магарна кхоьруш вара сан доттаг1.

Мелла делахь а тхоьгахьчул сов бералла дисинера Турпалханехь х1инца а. Ши шо тхол жима велахь а, классехь дика кхеташ а, доьшуш а вара иза, амма бераллех валан х1инца а генуо вар-кх. Со кхин цкъа а хьаьжира цуьнан карахь йолчу пакете.

 Мегаш ю. 1арби мичхьа ву?  хаьттира аса.

 Со-м и волчу чу а ца хьаьвзира, и кхузахь хир ву моьттуш,  шен цхьа бехк болуш санна бехказа вуьйлура Турпалхан.

 Мегар ду. Цо-м новкъаг1ертар бен кхин г1о а ца дора,  элира аса.

 Хьан ца до г1о? Со ца хилчи шу шиъ ван а вац-кх!  шен девнечу озаца дехьачура гучувелира 1арби самукъне радиотулг1е санна.

Дегбаам бар, халахетар-м 1арбина х1ун ду а ца хаьара, амма ц1ергахь эчиг санна ц1иэнваллалца къийсавалан карх-м долура цуьнан.

 Шу шиъ х1ун деш 1аш ву? Суна хаара, со схьа а веъна аса меттахваккхалца шу шиъ наб а кхетта 1ийр вуй! Вала ший а саттий! Вай суьрташ дохуш ца дохуш х1ун деш ду?  чухахкавелира юха а шен ч1ог1ачу озаца 1арби.

 Х1ан, д1айолий хьуна х1окхуо шен масатоп!  мах хадийра Турпалханас 1арбийн чукхоссаваларан.

 Арахь 1арж ца елича, вайн кораш дикка д1акъовлар хир дац. Жимма собар дан деза вай,  кхетийра аса доттаг1ий.

Тхан нанас Казахстанера ц1а ма даьхккина, дукха хьолехь шен куьйга, вовшахтоьхна мискаг1ишло суьрташ дахан леррина чоь йолуш яцара. Со вуьжучу чохь 1аржъелча, коре х1умнаш а тосуш, хьелаш кхуллура оха сурташдахан.

 Делахь, 1аржъяллалц кет1адовла вай? Арахь хаза йовха суьйре ю вайна,  элира цхьана меттехь 1ен са ца туьйчу 1арбис.

 Мегар ду делахь. Цкъа чай а мелла довлий вай кет1а?  дийхира аса.

Тхо кет1адевлла цхьацца дуьйцуш 1аш, ц1аьххьана дагадеира суна, аса селхана кечъйинчу пленкана т1ехь цхьа сурт Малижийнаг хилар. Сайн накъосташа дуьйцург кхин д1а хезаш вацара со. Малх анайисте г1оьртинехь а дукха меллаша чубузуш хетара суна х1инца.

 Аша жимма кхузахь собар де. Со суьрташ дохун г1ирс кечбан воллу,  аьлла бахьана а х1оттийна со чувахара.

Сонехь якъаялийта пенах тоьхначу хьостамна т1еоьллина пленка сихонца схьаэцна, токачиркх латош цунна дуьхьала ерзийна, цу т1ехь лехира аса Малижийн сурт долу кадр. К1айн-1аьржа томмаг1 бен гуш дацахь а, сан б1аьргашна хьалхахь-м дара йоь1ан юьхьсибат. Стигалан басахь б1аьргаш а хетара лепаш, оцу пленкийна т1ера сурт 1аьржа-к1айн бен даккха йиш йоццушехь. Пленке хьоьжуш соцунг1а хилла ойланийн йийсарехь лаьттара со. Мел хьомен дара оцу пленкийна т1ехь Малижин сибат гуш долу кадр. «Хьажал, Малижа, и д1о сехьара ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!»  1умаран аз дийкира ц1аьххьана стигланаш къевкъаш санна ч1ог1а сан лергахь. Сайн керара пленка аса кхоьссина яхийтира соне.

 Ахьа х1ун до, хьераваьлла стаг! Оцу пленкин т1е суьрташ дахан г1ерташ вай дийнна де ма дайъина!  чоьхьаволлушехь суна т1ечевхира 1арби. Амма соьга хьаьжча, сан оьг1азен юьхь гича цецваьлла кхин шен «дов» ца деш вахана пленка кара оьцуш и талхиний хьаьжира и.

 Сайд1али!  олуш цецдеина сецира Турпалхан а.

Со сихха меттавеира, дукхах дериг накъостий сайн дагахь болучу къийсамах кхетарна кхеравелла.

 Дика ца яьлла и пленка,  1ехийра аса ши накъост.

 Х1умма а дац. Цхьа х1ума ца къаьсташ хир дац суьрташ фотокехатна т1едаьхча!  суьрташ дахар таханенна аса д1акхоссарна кхеравелла суна т1е1аткъам бира 1арбис.

 Х1ун хилла? Суьрташ фотокехатна т1е ца доху вай тховса?  догдоьхна ша цакхетар гайтира Турпалханас а.

 Муха ца доху? Х1инццалца вай яьхначу пленкел ледара ма яц х1ара!  чиркхе уьйхьира пленка 1арбис.

К1ентийн аса догдохорна сайна резавацара со х1инца.

 Доху! Дукха дика хира дац, цундела догдаьтт1ера сан,  сапарг1ат-ваьккхира аса ши доттаг1.

Кет1ахула д1асайоьдучу машенийн чиркхах ларалуш корашка х1ума уллуш, кечам бан дуьйлира тхо. Кестта, доккхачу хедарна чуйоьттинчу кочачу проявителна чукхийссан долийначу фотокехатана т1ехь гучуйийлан юьйлира тхан классера, ишколера берийн а, тхан а яххьаш. Мел къона самукъане, цхьа а дуьненан бала коьртехь боцуш хаза ирсен яххьаш яра уьш. Фотокехатана т1ехь цхьа бозбуончаллан ницкъаца гучудуьйлура суьрташ. Суна а, сан шина накъостана а хетара тхайх а бозбуончаш. Тамашена х1ума дан а дара иза, тхан аьтто бара тхайн къоналле йисттехара хьажа. Х1ун ойланаш хьийзара сан накъостийн коьрташка? Хьанна хаьа. Амма х1оьттинчу тийналлехь тхо массо а дара тхайн ойланийн карахь. Аса санна церан къуоначу б1аьргаша а лоьхуш хила тарлора шайна хьомен хеташ йолу яххьаш. Ткъа аса-м Малижин сибат лоьхура. Кестта фотокехатан т1ехь гучуелира елакъежина Малижин юьхь а. Йо1 тхо долучу кхаьчнача санна тарделла висира со. Шайн ойланаша кхаьллина ца хиллехь, сан накъосташна-м гура дара Малижин сурт гича, сан вохар. Гуш а болуш, т1екхачан йиш йоцу седа санна яра суртат1ехь суна къежаш йолу йо1. Суртат1ехь, классехь ган йиш яра сан Малижа, амма сан йиш яцара цуьнга алан 1умарас санна: «Хьажал, Малижа, и д1о кибарчигийн ц1ено чохь ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!»

Даима а санна 1арбис г1олехьа девлла суьрташ шена д1а а хьош, д1асакъаьстира тхо буьйса т1ехъиккхинчу хенахь.

Ишколе жимма т1аьхьавуьсуш кхечира со шолг1ачу дийнахь. Классе со чоьхьавьлча хьехархо шен меттахь вара. Шен декхар хиларе терра, цо-м суна хьехаран хьолехь жима дов ден кеп а х1оттийра, амма суна ца хезара цо дуьйцург. Ницкъа ма кхоччу со дуьхьала г1ертахь а б1аьргаш Малижина т1ехь сецинера сан. Йо1-м сан аг1ора шен стигал басахь хьажар кхин хьен ца деш шен киншка т1е йог1аеллера. Классера бераш а дара къайлах-къулах соьга йишмаь1ашца суьрташ доьхуш. Тамаш а бацара, 1арбий, Турпалханний классехь 1аш вара, цара накъосташка кхаъ баьккхина хилар гуш дара.

Эххар а со кхийтира, хьехархочо соьга сайн метте охьахаа бохуш хиларх. Шен куьзганаш т1ехула хьожуш шен цецвалар, реза ца хилар гойтуш б1аьргашца д1авигира со хьехархочо сайн партина т1екхаччалца. Сан мискачу дагчохь дерг шена хаьахьара-м вер вацара иза кхин цец а.

Со сайн метте охьахиина ца ваьллера соьгара шайна суьрташ дезаш хилар классера бераша хоийтуш. Классехь яьлла г1овг1а новкъахиллачу хьехархочо шен г1анта т1ера г1оттуш чухула волалуш совцийра и дехарш.

 Х1ун урок ю вайн?  хаьттира аса партийна т1ехь сайна уллохь 1енчу 1исага, цуьнга цецдоийтуш.

 Хьан корта дика буй, накъост? Иван Архипович х1ун деш ву классехь?  меттавалийра со 1исас.

Иван Архипович-м истори хьоьхуш вара, цул совнаха тхан классан куьйгалхо а вара иза. Т1аьхьа-м висинера со, х1инца суна т1ехула т1е оьшург иза соьга ц1ахь 1амон елларг хаттар дара. Оьшург делахь, схьалаца хьайна! Иван Архиповича шен метте кхаьчний, кхачанзий ву аьлла хеташ журналана т1е а хьаьжина сан ц1е яьккхира.

 Сан йиш-м ма ца хуьлу и урокаш 1амон!  реза вацара со сайга хаттарна.

 Хьан х1унда ца хуьлу урокаш ян йиш?  цецвалар доцуш хаьттира хьехархочо.

 Цомгуш ву со!

 Х1ун цамгар ду хьан?

 Х1ара ду-кх!  айса буьйсана даьхна суртийн туп цуьнан истолан т1е дехкира аса.

Леррина хьаьжира хьехархо суьрташка.

 Дика корматалла ю иза-м. Амма хьо урокаш 1аморах к1елхьара воккхуш цамгар дац и. Шиъ ду хьуна охьахаа,  журналан т1евирзира и сан таханлера дуьххьара шиъ оцу т1ехь безамца д1анийсдеш.

Сан шиъ журналана т1е д1а а дерзийна, суьрташ схьадеъна сан парти т1е дехкира хьехархочо. Иван Архипович шен хьехархочун меттиге д1аволавелча, юккъера ши сурт схьаэцна, вуьйш классе д1ахьажийра аса. Малижин ши сурт цуьнга д1акховдийра со цуьнан аг1ора ца хьожуш. Суьрташ йо1а куьг схьакховдийна д1аийцира, амма кхин баркалл аьлла а сан дог ца ийцира. Со къайлаха хьаьжича даима а санна шен урокана кечам беш яра йо1. Эрна а ца хиллера и кечам бар, кестта цо шега хьехархочо динчу хаттарна жоп делла пхиъ даьккхира. Ц1аьххьана со волчу аг1ора схьабирзинчу йоь1ан шина б1аьргах, цхьана х1уманах тасавелла охьавоьжча санна хилира со. Еккъа ц1ена шело бен кхин х1ума ца гира суна х1инца оцу б1аьргийн сийналлехь. Хьаьжана юккъехь х1оттийна шадана кеп яра, оьг1азло-м яцара и амма цхьа цуьриг а йовхонах х1ума а дацара, суна самаха, г1енаха а дуьхьала туьйсуш хиллачу б1аьргашца. «Муха? Суна х1инццалца ца девзаш хилла техьа и б1аьргаш. Х1унда ду и б1аьргаш сан дег1ах чекхдуьйлуш санна хьоьжуш. Иза-м яц со гуш а!»  къиза ойланаш хьаьвзира сан коьрте.

Урок чекхъяьлла садо1ан арахьаьвдира бераш, хьехархо а журнална т1е цхьаъ-м д1аяздина классера аравелира. 1иса араволийтуш партаана т1ера г1аьттина вуха а охьахиира со, сой 1исай 1ен парта пенна уллохь яра. Малижа а яра шен меттехь схьайиллинчу киншкана т1ейог1аелла 1аш. Цуьнца цхьана партии т1ехь 1ен Губани а шен дешаран г1ирс т1оьрмигчу а берзийна, Малиже: «Со арахь хир ю хьуна»,  кхоьссина араелира. Малиже хьаьжича сан тидам хилира, иза киншкана юккъе дехкинчу суьрташка хьожуш хиларан.

 Малиж, хьажийтахь хьан сурт муха даьлла,  йо1ана уллохь партана т1ехь д1атарвелира 1умар.

 Хаза ца яьлла со сурта т1ехь,  олуш суьрташ д1акховдийра Малижас.

 Деккъа ц1ена малик ду-кх сан Малижа! Делахь а суьрта т1ехьчулла а иштта хаза ю хьо,  улло т1евуог1авелла тайниге санна хьаьжира 1умар.

Классанчохь масех божберех дешархой вара вовшех тийсалуш шайн саму-къадоккхуш. Церан г1овг1анехь дикка ца хезира суна кхин х1ун элира 1умарс. Со сайн партана т1ера киншка т1оьрмигна чу а кхоьссина меллаша аравелира. Бераш б1аьстенах, йовхонах самукъадаьлла ловзуш д1асауьдуш дара, амма сан царах самукъа ца долура. Суна кхоьлина хетара х1ара б1аьстенан сирлачу малхо къагийна дуьне а. Ишколана уьйт1ара араволуш аг1онца болчу новкъа аравелира со. Кертайисттехула асфальт биллинчу г1ашлойн некъахула б1арийн диттийн 1индахула д1аволавелира со. Суна-м х1инца хьалха дуьххьара хезича санна иштта ч1ог1а новкъа а дацара 1умарас йо1е дуьйцу мерза дешнаш. Со-м х1инца кхеташ вара сайн иштта йо1е къамел дан кестта аьтту хир боций. Ишколера ваьлчи кхин институте догдог1ийла а дацара, дукха дешаран т1ехь кхиамаш болуш а вацара со, жимма литературах кхетар, езар ца лерича. «Эскарехь ши шо дайъан дезара ду уггар хьалха, т1аккха цхьа корматалла 1амон цхьанхьа дешан деза. Болх бан волавелча а нанна, кегийрачу вежаршна г1одан деза. Сайн х1усама вовшахтуохан хенахь аьтто хир бац»,  ойланаш йора аса ц1аьххьана воккха хилча санна. Ойланаша 1ехийна со-м ишколана дикка генаваьлла хиллера. Урокана горгали бекаш а аса тидам ца бира, цундела дикка т1ехьависина чувеира со классе. Сан декъаза ц1окана та1зар дан кечвелла хиллера тахана тхан классан куьйгалхо Иван Архипович а. Со классана чувахан не1аран т1ам лацан бен ца кхиира иза т1ехьа лаьцна ши куьг а долуш ехачу уьйчохь гучуволуш. Со классана чуиккхира, амма суна т1аьххье гучубелира Иван Архиповичан т1ехьахьаькхина сира месаш йолу хан теккхиа болу корта.

 Кхана нана йоцуш ишколехь ма гайталахь суна хьо, хьан цамгар гена долуш лаьтта, хьуна сихха цхьа дарба ца лахахь!  соьга и кхаъ баьккхина, классехь урок луш волчу хьехархочуьнга бехк ца биллар доьхуш не1арах къевлабелира Иван Архиповичан корта.

Амма классан куьйгалхочо сайна дина дов дицделира суна Малижин парта йолчу аг1ора со хьаьжича. Йо1ана уллохь, даима а цигахь ша 1ийча санна д1атарвеллера 1умар. Губани со санна урокана т1аьхьайисина аьлла тарделира суна, амма иза 1умаран меттехь Майрбекца 1аш яра.

 Охьахаа хьайн метте Ванах, к1ант, хьо-м боккъал а могуш воцуш хилла моьтту суна!  шозлаг1а элира соьга нохчийн меттан хьехархочо Шарип Мадаровичас, со метта ца вог1уш.

1умар-м хан эрна д1айохийтуш вацара, Малижина улло таь1ина цхьа шабар-шибарш деш вара цуьнга. Шен лерг к1анте оьхьуш леррина ладуг1уш яра Малижа а, наггахь къежаш а хаалора иза. Ткъа соьца-м тахана билггал цхьа дов дара массо а хьехархойн, я со царнна массарна а декхар вара. Со т1оьрмиг чуьра киншка схьаэцна ца вьллера Шерип Мадаровичас соьга хаттар деш. Кестта журналана т1е кхин цхьа шиъ а дуьйжира сан ц1арах.

Амма суна т1аьххье хаттар деш 1умар а г1аттийра хьехархочо. Цхьа беламе х1ума а аьлла, Шерип Мадарович вела а къажийтина, цхьа т1ехула хабар дуьйцуш жоп лун кеп а йина кхоъ даьккхира 1умарас-м.

 Шерип Мадарович, ас дика д1а ма йийцира, диъ мукъна а х1оттаде!  бохуш реза а вацара 1умар т1ехула т1е.

Маликас-м, даима санна, пхиъ даьккхира хаттаршна жоп а делла.

«Деллахь сох ма ца ешаш ойла йо хир ю цо. Цо х1унда еш ю хьох ойла, уллохь самакъадоккхуш 1аш к1ант а волуш? Хьо мила ву? Иза-м яц х1умма а гучохь а»,  ойланаш хьийзара сан коьрте.

Урок чекхъялар хоийтуш горгали бекарца аратасавелира со уггар а хьалха. Сан садукъделлера классана чохь, сайн ницкъа хилча со-м ведда дуьнена йистте а г1урволуш вара. Со-м ца кхетара со ведда к1елхьара валан г1ертачу йоь1ан сибат сан коьртана чохь, дагна чохь дуй, сайн сих а иза д1аийний. Со мел ведда гена валарх оцу йоь1ан б1аьргийн стигалбос аса сайн дагчохь лелор буй х1инца дуьйна д1айолчу хенахь даиман а! Со ца кхетара и б1аьргаш дуй сайн цамгар а, оцу цамгарна х1окху доккхачу дуьненахь цхьа а дарба доций а.

Назад Дальше