Схьаволалой валахь, х1инцца уроке горгали тухур бу вайна! йистхилира Губани.
Соьга лоь хьо? ца кхийтира со.
Кхузахь хьой бен кхин стагга а вуй? елаелира Губани, со улло кхаьчча аз шабаршка доккхуш хаьттира:
Хьо Малиже вист ца хилла х1инца а?
Со х1ун аьлла хуьлу цуьнга вист, иза 1умарийца доттаг1алла лелош хилча, бехказа валан г1оьртира со.
Хьайна дика хуур ду хьуна, Йо1-м къовсаш товш ду. Иза-м ахьа вист хира ву аьллачул т1ехьа хьоьжуш ю моьтту суна, шена хетарг элира Губанис.
Ишколана геннахь а хезира долуш горгали бийкира, дешархой уроке кхойкхуш. Суна дег1ах чекх хьожуш санна со зуьйш соьга а хьаьжина Губани Малижина т1ехьакхиан сихъелира.
«Къовса-м къовсура яра и, ткъа къевсина яьккхича стенга яхьан еза и. Сайн нанна а, вежаршна а дан г1о доцуш 1аш волчу аса?» жимчу беро санна ойла йора аса, ишколехьа зудберашна т1аьхьа д1а а волалуш.
Кхин цхьа урок чекхъяьлча со сайн метте ишколан кет1а вахара. Губанис аьллачунна т1ехьакхиан г1ерташ ойла а еш, волавелла лелаш вара со, ц1аьххьана сайн ц1ейоккхуш хезча. Ойланийн карара волуш аса корта айбича, ринжа доллучохь соьгахьа йирзина лаьтташ яра Малижа. Со йо1ана улло вахара.
Ахьа соьга кхойкхурий? хаьттира йо1а.
Асий? ца кхийтира со.
Амма йо1 иэхь хетта хааелла сихха т1етуьйхира аса:
Губаница къамел-м хиллера сан. Цо эларий хьоьга, аса кхойкху аьлла? Губанин х1илланах кхийтира со.
Х1аъ, жоп делира йо1а, цхьанхьа-м хьожуш, д1айоьрзуш.
Маржа я1, ма новкъа бара-кх суна йо1а х1инца хьаьжъюккъе х1оттийна шад. Иза-м ойла еш даима а ша-шаха х1уттуш хиллачух тера дара цуьнан. Амма оцу шадо и сол а цхьа б1е шо йоккха хоьтийтура суна. Со-м цунна хьалха боккъал а бера санна вухий вуьсура. Х1ун алан дезара аса цуьнга, х1ун дийца, х1ун хатта? Со-м сайн дахарехь дуьххьара йо1е вист хилан дезаш вара, б1аьсте санна езаеллачу йо1е.
Малиж Малижа, баркал хьуна г1о дарна! Оцу математиках цкъа а кхетарволуш вац со, карийра суна алан дешнаш.
1умарас Малижига дуьйцуш хилларш дагадаьхкира суна. Амма соьга дийцалура долуш хабарш дацара уьш. Йо1-м кхетачух тера дара со х1инца а бераллера валанза вуй. Цо г1о дира суна:
Хьо массарех хервелла, хьуо лелаш ма ву. Ма тамашена стаг ву хьо кхечарех тера а воцуш, элира цо.
Акха ву алан г1ертий хьо? бегаш бира аса.
Акха-м хирг хира вацара хьо. Хьо саннарг къайлаха байташ язъеш хуьлур-кх. Вуй хьо байташ язъеш? елакъежаш хьаьжъюккъера шад баьстира Малижас.
Стиглара доьссина малик гича санна хийтира суна х1инца, хьалха а санна.
Байташ язъян-м хьекъал тоьур дацара сан. Ишкола чекхйоккхуш экзаменашкахь шиънаш ца дохуш к1елхьаравалахьара, экзаменаш дагаяьхкина догкхуьйлира сан.
Кхин д1а дешан дагахь вуй хьо? хаьттира Малижас.
Суна-м 1умарас Малиже дуьйцуш сайна хезна къамел дагадеира.
Стенгахь? хаьттира аса.
Институтехь, иза иштта олуш санна атта долуш санна элира Малижас.
Сан некъ боьдуш лаьтташехь Советан Эскаршка д1абоьдуш бу, сайн дог-ойланах кхетийра аса йо1.
Ткъа эскаршкахь г1улкх дина ваьлча ма мегар ду деша. Эскарехь ахьа хьо дика гайтича, институте хьажош кехаташ ло боху цигахь, шенчунна т1ера ца йолура йо1.
Сан институт трактор хир ю моьттуш ву со, 1умаран дешнаш ца дицлуш йо1ана 1оьттира аса.
Йоь1ан хьаьжъюккъехь шийла шад д1ах1оьттира, сан дег1е шело хьодийтуш.
Тракторан т1ехь а бан беза цхьамма болх. Дукха дика к1ентий, божарий бу техникаца болу болх безаш-м, аьлла со цецваьккхира Малижас.
Хьо юй дешан дагахь? Хаьржаний ахьа хьайна институт? хаьттира аса.
Ца хаа, конкурсаш яккхий ю боху институташкахь. Чекхъйолий-м ца хаьа, элира йо1а ойлане.
Шен дан дезарг а, шен дахарехь ша дан г1ертарг а хууш, баккхийчара санна ойлаеш яра Малижа. Ишттачу нахах хуьлу-кх 1илманчаш, хьехархой, хьаькимаш. Са-м дацара оцу йо1ехь долучунна ах хьекъал а. Со-м висинарг а вохийнера йо1а.
Суна орцахболуш санна бийкира ишколан уьйт1ахь, тхошиъ даиманна а къастош горгали.
Тхан ишколан б1аьсте чекхялар тхуна гойтуш санна, кестта хилира тхан «Арахецаран бал». Малижас ца тергалвар новкъадаьллачу 1умарна тусаделла хиллера сан йо1аца гушйоцу юкъаметтиг кхоллаелла хилар. Амма соьга дов хьединарг-м 1умаран тешамен доттаг1 вара. «Арахецаран бал» эшаршца, хелхаршца гуттар а масабаьллачу хенахь, арара чувог1у со а, дуьхьала вог1у Майрбек а нисвелира лаьмнашкахь готтачу новкъахь ши экха санна дуьхь-дуьхьала. Цхьанна а ца лаьара некъ битина вухавалан. Ишколан т1ехьа къастийра оха шимма тхаьшан юкъаметтиг. Амма 1умар а нисвелира цига цхьа бахьана дохьуш. Кестта суна хиира и х1ун бахьана ду а. Майрбекаца девне валан кечвеллачу суна т1ехьашха т1екхетташ, со д1алацан г1оьртира 1умара. Ткъа Майрбек-м чу кхоссавелира, шен аьтто баьлла меттиг а карийна. Цигахь т1енисвеллачу, тхан классера к1анта Илесас г1олецира суна. Сан аьтто белира и дов юьхьк1амоца чекхдаккхан.