Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) - Хаджимурадов Вахит 2 стр.


Дийцар чекхдолуш, кхечу дийцаршна санна, жам1 дар, чаккхенца олу дешнаш кхин хьехаме дацахь а, к1оргга маь1на долуш ду, дийцар дешнарг бен кхетар воцуш а ду.

«Къедин-юьртахой санна, дика нах кхечу ярташкахь бу аьлла хеташ-м вац со!»  Йагин ойланца дерзадо шен дийцар Хаьлима. Къедин-юьртахой-м шаберш а вон хуьлийла дац, ткъа диканаш буй Йагас хестораш?

Доцуо делахь а, мела а философин чулацам болуш а ду Хьаьлиман «Зударийн саьхьарло» ц1е йолу дийцар. Дика делахь а, вон делахь а, кхин 1алман суьрташца басарш ца кегош, шена дика евзачу адамийн амалшна, дог-ойлана т1е тидам бахийтина авторо х1окху дийцарехь а. Кхин цхьаъ а ду, вай хьалха ма-къасттора, Хьаьлиман шен дешан говзаллица аьтто баьлла х1окху дийцарехь а, нохчийн къоман барта дийцарех пайдаоьцуш, шен дийцаран чулацамца дийна цхьаъ хуьлуьйтуш уьш иэдан. «Зударийн саьхьарло» дийцарехь Хьаьлима пайдаэцна шина нохчийн забаре дийцарх.

Х1окху дийцарехь Йагица цхьана жигара дакъалоцуш ву х1окхуьнан ши накъост Шовхал, Хьаьппи. Сюжетан коьрта ойла хьаьвзи зударийн, божарийн амалш самсаяхарна гунаха. Йагин зудчуьнга Босбикига мукъна а дош ца кховдош, и амалш кегошберш шаьш божарий бу, цундела куьгбехке лоруш а х1окхара зударий бу. Кхузахь еккъа ц1ена божарийн монологаш а ю. Амма коьрта сюжетан сиз ду, зударех Йагин накъосташа дуьйцург, х1ара хьовзош-тусуш, шен Босбикина чу а хохкуш, шайн жимма самукъадаккха лерина х1оттош кеп. Йага-м кхета мегар дара, шен накъосташа, шаьш бакъ хиларан тоьшаллина, далош дерш халкъан забаре дийцарш хилча, уьш бегаш буй. Амма и ца тешаран авторо хьалха х1оттийна 1алашо а вайна дийцаран чаккхенехь гучудер ду. Цкъачунна-м Хьаппис, Йага зударийн саьхьарлонах тешийта, дуьйцучу инзаре хаза беламе дийцарех 1ехавелла. Хьаппин дийцарехь зудчо-м ша саьрмик болу ор чу кхоьссича а, и т1е а ***й хоьхку. «Саьрмикна х1ун ю зуда, цкъа кхаллал х1ума бен яц!»  ойла дага ца йог1у Йагина, иза-м х1инцале а Босбикех цатешаман бух кхуллуш ву ойланашкахь.

 Уьш-м туьйранаш дара!  боху Йагас, амма оцу туьйранах иза теша кийчча ву. Оцу шен тешам т1ехь иза ч1аг1веш, Хьаппис дийцинарг бакъдеш, Шовхала а дуьйцу халкъан дийцар шена хезча-м ца олу Йагас «уьш туьйранаш дара!» Цо хазахетарца, т1араш тухуш, т1еоьцу иза. Х1инца иза дика тешна вог1уш ву шен Босбика а царех цхьаъ хиларх. Йага ч1аг1о йолуш тешийта, Хьаппис кхин а т1етуху, зударша, йо1 ненан ирс лоруш, к1ентий ца бо, олуш дицарца.

Х1инца-м вист ца хуьлуш тапъаьлла 1ара Йага. Амма иза кхин метта ца воуьйту вукхушимма, кхин а зударийн мекарлонех дуьйцуш. Ткъа шен Босбикина оьг1азвахна Йага-м вац цара дуьйцург хезачохь а. Йагина дагадог1у, ша Босбикига шена к1ентий беза бохушшехь вукхо йо1арий дуьнен чу бохуш хилар.

 Х1ан, 1одика йойла! Со д1авоьду,  ц1аьххьана Йагас аьлча, ши накъост кхетта шаьшшимма аьлларг кхочуххиларх. Цара-м, сацо г1ерташ, г1еххьа дехарш а дира, амма Йага д1авахна дукха хан ялале цунна т1аьхьа вахара и шиъ, шаьшшиннан синкъерам хьалха буйла кхетта.

Йагас ша чукхачарца сиха долийра шен Босбикица дов, къайлаха ладуг1учу накъостийн самукъадоккхуш, Босбика а елаелира Йагас дуьйцург хазахетта. Амма ц1индас пеша хьалхара схьаэцна дечиг детта долийча, Босбикина орцахбевлира къайлах ладуг1уш хилла Хьаппий, Шовхаллий.

Авторо философин х1илланца чекхдоккху шен дийцар. Босбикин бутт сов зама яьлча доьзалхо хилира. Иза к1ант вара

Бурчаев Хьаьлиман дийцарш шен меттан башхаллашца а кхечу авторийн дийцарех мелла а шен юьхь йолуш къаьсташ ду. А. П. Чеховс ма-аллара: «Йоцалла  пох1ман йиша ю». И дешнаш ду, аьлча нийса хир ду, Хьаьлиман дийцаршкахь коьртаниг. Цул а мехалниг, и дийцарш вайна ч1ог1а юххера хилар ду, уьш вайн дахар юккъера говзачу куьйгашца схьаэцна Хьаьлима.

Нохчийн къомо х1инца кхуллуш, карладохуш, шардеш ду шен турпалхойх Чорех, Молнесартах забаре дийцарш. Хьаьлиман Йага а ву, цхьана меттехь ца лаьтташ, ч1ог1а йоккха т1аьхьало хир йолуш турпалхо. Цуьнах Хьаьлиман кхин а дика дийцарш х1инца а язданза ду, аьлла хетта.

2005 шо


Аналитикан статья. Маршонах маьрша ойланаш. Цуруев Шерипан 1илманан талламах дош.


(Аналитическая статья по научно-публицистической работе известного чеченского поэта и писателя Цуруева Шерипа «Свободные мысли о Свободе»)


Нохчийнчохь а, Нохчийчоьнан дозанал арахь а дика вевзаш волчу поэта, публициста, бина талламан болх барам боккха боцуш белахь а, чулацам боккха а, к1оргге а, ойлайойтуш а бу. «Маршонах маьрша ойланаш» статья араяьлла 2003 шарахь, «Орга» журналан 8 т1ехь. Шерипас ма-аллара, дахаран юкъаметтигаллийн талламаш беш нохчийн маттахь зорбанехь арабевлла 1илманан философски белхаш бац, исбаьхьаллин литературехь вайн г1арабевллачу яздархоша бина талламаш а, хетарш а доцург.

Шерипан статья кхаа декъах лаьтташ ю. Юьхьанца олуш долчу дашна т1ехь а, «Хаттаран исторех» ц1е йолчу шолг1а дакъана т1ехь а антични философашна т1ера схьа ХХ б1ешере кхаччалца философин ойла а, оцу ойланах дуьненахь а г1арабевллачу философаша аьлла долу шайна хетарг довзийтуш йоцца экскурс еш д1айолайо автора шен статья. И белхаш дерриге а дуьненахь бевзаш а бу, церан бухт1ехь а, уьш 1аморан 1илманан а белхаш беш бу дукха хенахь дуьйна. Цундела вайна коьртаниг а, довза луург а Шерипас шегара аьлла дош, цуьнан синкхетам, цо ен философски ойла а ю. Дуьненан философин коьрта ойла статьян автора т1еялайо «маршо» бохучу терминна, маршонах бусалба динахь муха кхета олуш чекхйоккху Шерипас шен ойланаш. Цуьнца цхьабосса д1адолало статьян кхоалг1а дакъа «Маршо  нохчийн кхетамехь»  Шерипан коьрта ойланаш. Стоммачу сизца схьайог1у ерриг а статьяна т1ехула авторан ойланех цхьаъ: стенах алан деза маршо, бакъ йолу маршо, оцу дешах хетарш а, ц1е а, кеп а йоцуш. «Адамо беш болу берриге исторически некъ иза маршоне беш болу некъ бу»,  аьлла хета цунна. Нохчийн къоман маршонах кхетар а, сатийсам а: «дукхха а б1ешерашкахь дуьйна нохчийн къоман коьрта идея хила схьайог1уш ю». Амма «Шайх-Мансура бина г1аттам а, Таймин Биболта латтийна къийсам а, имам Шемална т1аьхьа х1иттина 25 шарахь бина т1ом а, кхин цул т1аьхьа нохчаша бина т1емаш а нохчийн кхетамехь йолу маршо бахьана долуш хилла аьлча нийса хир дац. Маршо езар хила тарло нохчашка т1ом байтинарг, амма оцу т1емаша ца кхетадо вай нохчий маршонах, гучу ца доккху нохчийн маршонан маь1на. Ц1е йоцург, кеп йоцург оцу нохчийн маршонах к1еззиг х1ума доьзна ду 199596 шерашкахь бинчу т1емашца» бохуш долу авторан дешнаш мелла а чолхе ду кхета. Х1унда аьлча юьхьанца схьайог1уш йолчу ойлана «герз карахь бинчу къийсамийн 1алашо а хилла маршо» мелла а дуьхьало еш уьш долу дела. Делахьа а цул т1ехьа дог1учу мог1наша кхетаво дешархо авторо, х1унда хета шена иштта аьлла. «Нохчийн маршо дуккха а шуьйра а, к1орга а ю. Нохчийн маршо  иза адаман маршо ю, юьхьшен (личностни) маршо ю, чоьхьара дуьйна «арайолуш йолу» маршо ю. Адаман, юьхьшен маршо дуккха а йоккха а, хьалдолуш а, диканиг кхолла таронаш йолуш а ю къоман, пачхьалкхан маршоне, я «ц1енна» арахьарчу (социальни) маршоне хьаьжча. Къоман, пачхьалкхан маршо адаман абстрактни, генара х1ума хила йиш ю дукха хьолахь, оцу тайпанчу «маршоно» адамна ницкъ бан тарло». Авторан оцу дешнашна т1етоха деза аьлла хета кхин а цхьаъ: 199596 шерашкахь а, цул т1ехьа а бина т1емаш х1инцалера дукха социальни а, политически а, экономически а хьелаш хьадеш, уьш бахьана долуш а хилла бу. Цуьнан коьрта бахьана импери йоха тохаялар а ду, СССР ца йоьхнехь нагахь санна, Нохчийчохь т1емаш хир бацара. СССР йохарх, импери ца йоьхнера, империно шен дийналла йохаран кхерамна инстинкт бахьана долуш, салаца тохаделлачу дег1о санна, болийна къийсам бара и т1емаш. Жимчу Нохчийчохь и т1ом ца баржийнехь, империна йохаран кхерам бара. Оьрсийн меттан регионаш ларалуш йолчу Сибрехан цхьайолу регионаш а яра суверенитет кхайкхош, т1ехьа сиха лергаш та1ийна 1ийна Татарстан-м йийца а ца оьшура. Бакъдерг дийцича, Татарстана шайна йоьхуш йолу бакъонаш, цунна сиха д1а а елира, Нохчийчоьно йоьхуш ерш а яцара кхин дукха, ша к1езига яцахь. Ткъа Нохчийчохь х1унда болабелира т1ом, оцу хаттарна а ду цхьамогг1ара жоьпаш. Царах цхьаъ ду исторически дагалецамаш, генни ларамехь къомана дагайог1уш йолу къизалонаш, (къоман цхьа а бехк боцуш!) Оцунах пайда ийцира «т1еман партийно», нохчий-м бацара и т1ом шайн кхетамехь бан 1алашо йолуш а, Росси церан пачхьалкх хилла яьллера. Россино нагахь санна ницкъала уьш пачхьалкхана юккъера арабаьхнехь а, уьш буха оцу федерацина юкъа баха г1ерташ т1ом бан тарлуш оццула ч1ог1а боьзна бара Россица. Оцуьна бахьана вай т1ехьо дуьйцура ду. Ткъа х1инца Шерипан статьян кхин д1а а йолчу ойланех сайна хетарг ала лаьара суна, мелла а статьян чулацам а буьйцуш, сайн ойланах шу кхетийта.

Нохчийчоьнан Россица 1оттабаккхамаш а, т1емаш а буьйлабалале хьалха нохчийн хиллачу юкъараллин д1ах1оттаман анализ ю Шерипа кхин д1а шен статья т1ехь еш ериг. Шуьйра хууш долу х1уманаш ду уьш дукхахдерш «Х1етахьлера нохчийн юкъараллин д1ах1оттам дуккха а б1ешерашкара схьабеъна ламасталлин д1ах1оттам бу. Кхузахь дац регулярни эскар, полиции, Бац элий а, лай а. Нохчийн юкъараллин структура чолхе яц. Иза маьршачу нехан юкъаралла ю.» Вайн 1илманчаша-талламхоша а историкаша а дукха дуьйцу нохчийн эзара шерашкахь кхолладелла юкъалалин д1ах1оттаман сурт. Шерипас а олу цунах шена хеташ дериг. Амма суна к1езиг хеза оцу аларшна чекъдаьлла сурт х1оттош олуш долу дош. Масала т1етоха лаьара оцу аларшна сайна хетарг а. Дуьнена г1арабевллачу политикаша, историкаша, философоша 2500 шо сов хенахь дийцар деш ду маьршачу демократически адамийн юкъараллех, марошонах лаьцна. Амма и дийцарш, Шерипас ма баххара, Европан хиламашна т1етевжина ю, уггар коьрта лаьтташ ериг оцу дийцаршкахь пачхьалкх ю. Пачхьалкхан дозанан юккъехь, пачхьалкхан барамехь хьовсарш до оцу проблемана дуьненан 1илманчаша. Нийсо лелош йолу пачхьалкх, «дика паччахь», аьлча а демократически пачхьалкх  и ду коьртаниг оцу дийцаршкахь. Пачхьалкх адмаша шайн дахарехь эзара шарашкахь кхоьллина, ца хилча ца йолуш структура ю боху цара. Европан х1инцалера пачхьалкхаш гойту цхьаболчара бос балош масалаш деш царах. Амма Шерипас шен статья т1ехь, дуьххьара бохург санна, аьлла: нохчаша бина т1ом пачхьалкхана дуьхьала бина бу, оцу тайпанчу адамийн юкъараллин структураца. «Халкъ а, мохк а Россис шен дозанаш чулацар ца хета суна нохчаша Х1Х б1ешарахь оьрсийн эскаршна дуьхьало яран а, ХХ б1ешеран чаккхенехь т1емаш хиларан а бахьанаш Уьш ца г1овтту, ма-дарра аьлча, пачхьалкх йилла. Уьш пачхьалкхана дуьхьал г1овтту. Пачхьалкхо шайна ницкъ барна, пачхьалкхо шайца лелош йолу харцо лан ца лой г1овтту» Амма хетало Шерипас а чаккхе йоллуш цунах лаьцна ца алар. Дикачу пачхьалкхо нохчийн латта д1алаьцна хиллехьара, нохчаша и атта т1еоьцур дара алан г1ерташ хетало. Нохчий шайн пачхьалкхан дозана чу лоцучу хенахь Росси шен къам а, нехан къаьмнаш а лай дина (крепостное право) къизаллах юьззина пачхьалкх хилла. Амма, суна хетарехь, оцу хенахь баьхна нохчий, церан 1ер-дахар, «пачхьалкх» олуш йолчу терминна, и мел дика хиллехь а, гена хилла, (генна хьалха!) Шерипас шен статья т1ехь шуьйрра йуьйцуш йолу Х1Х б1ешарахь нохчашна юкъахь хиллачу адамийн юкъаралла дуьненахь пачхьалкхаш мел ю цаьрца цхьана тарлур йолуш ца хилла. И хета суна Х1Х б1ешарашкахь нохчаша латтийначу къийсаман а коьрта бахьана. Пачхьалкх, мел ч1ог1а и демократи ларош елахь а, цуьнан маршо пачхьалкхан чулацам болуш ю, ткъа пачхьалкх мел диканиг а и юьхьшен маршо шенчул а лахар лоруш ю. Пачхьалкхан дозана т1ех яла г1оьртича юху шайолу а кхин маршонаш, юьхьшан а, адамийн а, экономически а, кхин ерш а.

Шерипан статьян кхин цхьана аг1онах лаьцца а ала луур дара суна. Цо к1орггера а дика хаарш долуш а дуьйцу нохчийн 1ер-дахаран хьалха хилла чулацамаш, х1инцалерачу заманца церан уьйр а ялайо цо. Амма цо а, кхин болчу таламхоша а т1е тидам ца бохийтуш дерг и х1инцалера нохчий Х1Х б1ешарахь хиллачу нохчех къаьсташ хилар ду. Аса лакхахь ма-аллара, Х1Х б1ешарахь къийсам латтийна нохчий пачхьалкхана дуьхьала т1ом беш х1аллакхилла, дийна бисинарш «пачхьалкх» кхетаман к1елахь совцан безнарш бу. Церан дуьненах болу кхетам, адамийн юкъаметтигах болу кхетам хийцабелла, пачхьалкхан институташа са ца до1уш къахьегна уьш шайн исторически хьолашкахь, нийса аьлча, лахарчу т1ег1ана т1е охьабаха. Х1унда аьлча муьлхха а пачхьалкхан структура, коммунизм олуш йолу утопи а цхьаьна, шен идеалехь нохчийн Х1Х хилла йолу адамийн юкъаметтигийн структурана дуккха а т1ехьайуьсуш ю. Вайн къомана гонаха Х1Х б1ешарахь хиллачу пачхьалкхаша «д1а ца кхоллуш» йуьсур яцара жима Нохчийчоь, амма х1инцалерачу заманахь а ду гонаха 1аш долу къаьмнаш нохчашна шайн культуран, меттан а т1е1ат1къамаш бан шадериг а деш. Вайн матте ладоьг1ча а гуш ду и, аса дуьйцурш дац т1е ца эцча ца довлуш т1еэцна дешнаш. 1арбийн, Европан культурашна юкъанисделла ду вай х1инца а. Кхетадеш ду, дуьне мел доккха делахь а, глобализацино цхьатерра баса далориг хилар массо а къаьмнаш, культураш.

Шен статья чекхйолуш Шерипас т1е тидам бог1ийту х1окху ойлана: «Амма 19961999 шерашкахь (нохчийн йозуш йоцуш пачхьалкх йолуш) а нохчийн маршо хьаьшна яра. Чоьхьара маршо йоцуш, сица маьрша боцуш болчу нахана шайна арахьара маршо яьлча. И маршо лан ца ло, цунах дезар эца ца хаьа. Лайн амалашка бирзина нах бу уьш, уьш цкъа а маьрша бовлуш бац». Алан деза, нохчий пачхьалкхан дозана юкъа бахначул т1ехьа, дикка хан д1аяьлла, т1аьхьенна т1аьхьенаш а хьалакхиина пачхьалкхан «кийрахь». Амма и пачхьалкх даима а «десте» хилла лаьттина нохчашна. Уьш пачхьалкхан дай хила 1амон дагахь цкъа а ца хилла пачхьалкхан бакъболу дай. Мелхо а уьш х1аллакбеш, т1ехьатуьттуш, церан культура «ен» г1ерташ белхаш бина пачхьалкхо даима а. Нохчий шайн дайн адамийн юкъаметтигех а баьхна хилла, ткъа пачхьалкхана юкъабигича а уьш цу юккъехь 1ен-баха 1амош а ца хилла. 1996 шарахь яккхий къизалаш а ловш, механа доккха ц1ий а луш уьш цхьана пачхьалкхах к1елхьара а бевлла кхин и санна йолу пачхьалкх ян г1оьртича х1ун хийцало. Х1Х б1ешарахь, нагахь санна Шемалан теократически пачхьалкх т1амехь тоьллехь а, нохчаша и сихонца йохор яра. Шайн юкъаметтиг лелон а хуур дара царнна, шаьш бехар а бара цхьа а пачхьалкх а ца еш. Амма х1инцалера нохчий хийцабелла, мел ч1ог1а вай дайн г1иллакхаш лелон г1ертахь а, уьш хийцалуш д1аг1ур ду. Шерипас шен статья т1ехь юьйцуш йолу юьхьшен маршо а нохчочун хийца езар ю пачхьалкхан муьт1ахь йолчу маршонца, пачхьалкхо шена луш йоллучу маршонца.

Таханлерчу дийнахь вайн къомана хьалха лаьтташ болу хиламаша гойту вайна хийцамаш мел ч1ог1а хилла, вайн тахана Россин дозанахь елахь а, нохчийн пачхьалкх ю. Вай тахана бен ца дуьйладелла оцу пачхьалкхан маршонех кхета а, пачхьалкхехь дуьззина цуьнан дай а хилла даха а. Х1Х б1ешарашкахь нохчийн хилла адамийн юкъаметтигаш г1оле-м хир яра нохчашна, амма вайн таханлера бакъдерг и пачхьалкх ю, пачхьалкхехь даха 1емаш ду вай.


Минкаилов Эльбрусан «Гуорабожийна сай» ц1е йолчу дийцарах дош.


Аналитическая статья по рассказу известного чеченского писателя и публициста, главного редактора республиканского литературного журнала «Орга» Минкаилова Эльбруса «Упавший на колени олень».


«Со лаамза хилла теш ма вара цуьнан дахаран» ишттачу дешнашца чекхйоккху Минкаилов Эльбруса дахаран талламан-тидаман цхьа жимма йолу кийсаг, шен дийцар «Гурабожийна сай», «Вайнах» литжурналан 2010 шарахь, 6 т1ехь арадаьлла долу. Амма и дахаран кийсаг ма-хуьллу хабийна, йоцца язъйина ю авторан дийцаран аг1онашна т1ехь, Минкаилов Эльбрус даима а г1урту шен кхолларалехь дош ма-торру доца ала. Х1ара «Гуорабожийна сай» ц1е йолу дийцар а ду хьаьдда доьдучу дахарана юкъара дош хоржуш ка тоьхна схьадаьккхина яздича санна. Эльбруса кест-кестта ша олуш ма-хиллара: «дийцар мелла а юккъе совнах долу басарш ца ийдеш дош доцца олуш яздан деза, делахь а оцу доца яздаро легашка хорам бина садукъдан а ца деза кхуллучу произведенин» Дийцар ша кхуллучу заманчохь цу т1ехь аьлла дош доца делахь а, 1аламат боккха а, «адаме муха ланлур бу техьа иштта халниг» аьлла хоьтийтуш хала а адамийн дахарехь хилан тарлуш болу (х1унда ца мега ишттачу дахаран некъ, хилам хилла хила а) цхьа некъ бу автора теллинарг. Вайна гайтархьама бийцина бац и некъ, ша теш а волуш, шен дийцаран коьрта турпалхочуьнца шен синлазам а буцуш, цуьнан халонах ша дакъа а лоцуш, и хало шен дагах чекх а йокхуш, дог а лозуш дийцаран аг1онашкахула чекхволу автор, шен турпалхошна улло а х1уттий. Дийцаран коьрта турпалхой Шемал а, Саида а бу, ткъа Шемалца ишколехь дуьйна цхьана дешна, цхьана юьртара а волуш, вевзаш ву произведенин т1ехь Эмин. Эминан ц1арах ду дийцар д1ахьош, амма дийцаран турпалхочун мотт хьоьхург а хилла ца вуьсу Эльбрус оцу произведенин аг1онашна т1ехь. Эминас дуьйцуш долу, дагна лан а, лергана хаза а хала долу дийцар, автор гуш вацахь а, шен пох1мин к1оргаллийца ша уллохь хилар гайтаро синлазам алсамбоккхуш ду. Эминин дийцар-м дац кхин басарш совдаьлла, ур-аттал шен накъостийн юьхь-сибаташна т1е тидам бахийтина а. Амма говзачу суртдиллархочо санна ши-кхо басархьакхаран кепехь кхоссар а дой автора кхоччушдолу сурт-м дуьллу шен турпалхойн. Масала, Шемалан дешнаша «Хьажахь, хьажахь хьуьлла йог1учуьнга! Цхьа сай бу-кха, сай!» ца дуьйцу мел куц-кеп долуш хаза йо1 ю Саида. Коьрта тидам т1ебохуьйтург духар а дац, амма вайн б1аьргашна хьалха хазчу куьцехь дуьззина сурт-м х1утту оцу йоь1ан. Йоь1ан духарх лаьцна доцца аьлла долу «б1аьстенан басаршца йог1у къорза коч» а ца хетало оцу кучан сурт кхолларан дуьхьа аьлла, амма  б1аьстенан хазалла гайта, б1аьстенан зама гайта аьлла хетало. Т1къа коьртаниг йоь1ан куьцехь дерг: «суна хета а хийтира и сайнах тера, цхьана курачу сайнах, парг1ато евзаш а, и лоруш а болчу» Мел дукха басаршца къагош дийцича а алалур дацара иштта к1оргера чулацам болуш оцу йо1ах дош. «Парг1ато еза сай» йоь1ан, къоначу адаман дахаран юьхь, мел сирла дахар хьоьху дешархочун синкхетамехь ишттачу турпалхочун васто. Б1аьсте, къоналла, «парг1ато еза сай»  мел лекхарчу, сирлачу т1ег1анашкара хаза д1адолало дахар. Х1аъ, дахар даима а долало хаза, сирла  серлонна, хазаллийна кхоьллина а ду дахар! Адаман ойланаш, догдаг1арш а хуьлу даима а хазаллехьа г1ерташ, амма адаман ницкъаш а, комаьршаллаш а цхьатерра ца хуьлу. Адам дукха чолхе кхоьллина ду, дукха комаьршаллонаш цуьнца елахь а, цхьадолу адам дахаран 1аьржачу аг1онашкахь тиллой дуьсу, хьуьнаюккъехь тилделларг санна, адам ша хьуьнюккъара арадолу моьттуш кхин а к1орге чутуьлу. Мел чолхе ду дахар, ткъа и дахар довза, оцу дахарах лаьцна дош ала мел чолхе хьекъал оьшу. Эрна олуш дац: «дийцар  уггаре а халачу литературни жанрех цхьаъ ду». Йоккхачу романан т1ехь-м дийнна адамийн дахарах лаьцна яздан шортта таронаш ю, ткъа доццачу дийцаран аг1онашкахь чолхечех цхьаъ адаман дахар гайта ондда пох1ма долуш стаг хила веза. Эльбрусан аьтто баьлла, бу бохуш болчу вайн яздархойн дийцаршна т1ера масала далийча а, цаьрца дуьстича а, шен дийцарехь к1орггера турпалхойн васташ кхолла а, дахаран юккъера цхьаъ чолхе кхоллам гайта а.

Назад Дальше