Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар - Хаджимурадов Вахит 4 стр.


Дийнна кибарчиг кхоийна, шиъ ах а елла д1авахийтина Мумада лулахо.

Ши-кхо шо даьлча цхьа Делан аьтту хилла Махьмудас а долийна шена ц1ен кибарчигах дотта ц1а.

Лулахочо ц1а деш новкъадаьлла кет1аваьлла бухд1ахашкахула хьоьжуш лаьттачу Мумадига хаьттина т1ехволучо, салам-калам а кховдийна:

 Ма г1ийла 1аш-вехаш вара и Махьмуд. Ц1а дан ц1ен кибарчиг стенгара яьлла техьа цунна?

 А-а, иза-м аса еллера цунна,  жоп делла Мумадас.


Дог ц1ена Балавди.

Соьлж-г1алахь ПМК-н кертахь ха дан балха х1оьттина Балавди, кест-кестта гуш хилла лулахь 1енчу Салавдина цу кертара х1ума лачкъийна воьдуш. Эххар дуьхь-дуьхьал 1оттавелла х1ара шиъ. Лачкъийна уьн юьхьаг яхьаш вог1учу Балавдис, Салавди а гина воьхана ша х1ун эра ду а ца хууш аьлла:

 Деллахьа, Салавди, лачкъон а ца 1емина хала лачкъайо аса х1ара х1ума!

 Деллахьа, Балавди, х1окху г1алахь мел ериг лачкъийча а, 1емарг ца хилла-кх хьуна и х1ума лачкъон!  жоп делла Салав


Коьчал-нус.

Тхан вешин бераш дара цхьана малх хьаьжинчу дийнахь буйнахь бепиг юьхкаш а йолуш арадевлла.

 Ой, аша х1ун до? Бепиг бен кхин яа х1ума яц шун чохь?  хаьттира аса.

 Ду ду тхоьгахь-м жижиг-галнаш а чохь!  яхье йолуш жоп делира жимачу вешин йо1а.

 Ткъа аша жижиг-галнаш х1унда ца дуу ткъа?  цецвелира со.

 Иза-м иза жижиг-галнаш дууш-м тхан нана ю!  шен хьакха санна ерстинчу нанна т1ех1оьттира йо1.


Сан вешин йо1 Зарема

Со волчу хьошалг1а ялх шо долу вешин йо1 Зарема йеъна самукъадаьлла и хьовзийра аса:

 Зарема, аса багахь зурма а олуш, т1араш тухура ду, ткъа ахьа вашина гайтал хьо хелха муха йолу,  аьлла.

 Ваша, суна-м ца хаьа хелхаялан, ахьа гайтахь,  дийхира жимчу йо1а.

Со айса-сайна йиша а локхуш йо1ах хелха велира, Заремина муха ялан еза гойтуш. Йо1 ч1ог1а самукъадаьлла йоьлура.

 Кхин цкъа а гайтахь!  дийхира йо1а со сецча.

Аса кхин цкъа а ког шаршош уьйт1е ма-ю гуобаьккхира.

 Ваша, х1инца божарех валахь хелха!  дийхира йо1а.

Божарех хелха волуш Заремина хьалха бохь а боьг1на, йо1 хелха яккхан вуьйлира со багахь зурма а олуш, т1араш а тухуш. Амма Зарема букъберзийна д1айолаелира со тергал а ца веш.

 Ой! Хьо стенга йоьду? Вашина хелха ца йолу хьо, ва Зарема?  хаьттира аса жимчу йо1е.

 Х1ан-х1а, ваша, дог ца дог1у сан!  жоп делира жимчу Заремас.


Нисъелла нус.

Шен вешин х1усаме чувахана хилла воккхаха волу ваша. Воккхахчу вешина хьалха чайна стака х1оттийна несо. Такхор санна ерстина йолуш мел к1езига а кухни чохь ах меттиг д1алоцуш йолу нус, марвешига шен бала балхон йолаелла даима а санна, шен майра ц1ахь воццучура:

 Деллахьа, Ваша, алапа а к1езига доккху оцу шун вашас. Цо мел юуш йолу х1ума къаьхьа де ду-кх. Х1окху кухни чуьра ара волуш а вац дийнахь а, буса а.

«Даймохк» газета санна оза волуш мохо а техкош лелаш волу шен ваша дага а веъна:

 Деллахьа, юуш верг и тхан пекъар ваша велахь а, дег1ана т1е-м хьуна йолучух тера ду и юург,  аьлла марвашас.


Г1иллакхен нуц.

Хьайн стунда 1аш волчу урамехула, хьо говра хиъна воьдуш велахь а, лаьтта воьссина г1аш т1ех волуш г1иллакх х1оттон деза, хьо къонах велахь!  хьехар дина к1антана дас-нанас.

Керла машен эцна дукха хан ялале, цхьа г1уллакх хилла стунда 1аш волчу урамехула т1ехвалан дезаш нисделла к1ентан. Урам болалучохь шен машен д1а а яйъина и туьттуш вог1уш шайн урамехь нуц гина, стумцхой ара лилхина. Стунда хьалха а волуш т1ехьаьлхина машен тоттуш г1одан сихбелла уьш.

 Белзин кхачийна хьан?  хаьттина стундас эххар а шен невце.

 Х1ан-х1а, шун урамехь г1иллакх лаьцна динара воьссинера со-м!  жоп делла г1иллакхен невцо.


Исрапилов Хож-Бауддина.

 Схьахьажахьа, и Ц1уц1а бохуш верг хьо вуй?  хаьттира урамехь саца а вина Хож-Бауддига цхьана къонахчо.

Д1а-схьа а хьаьжина билггал шега луьйш вуй а кхетта:

 Х1инццалца схьа-м вара со Ц1уц1а,  жоп делла Х1ожа-Бауддис.

 Ой, ткъа х1инца дуьйна д1а Муц1а хила дагахь-м вац хьо?  цецваьлла къонах.


Г1иллакхен жима стаг.

Аьрзун з1акарца къовсавелча санна хьаьвзина маара а болуш, ира, сиха уьдуш 1аьржа ши б1аьрг болуш жима стаг автобусна чоьхьа а волуш, сонехь д1атарвеллачу воккхачу стагна улло охьахиира, спортан говрана т1екхоссалуш санна.

Воккха стаг шен цхьаъ бен йоцу церг туьйсуш морожница къовсавелла воллура. Морожни ч1ог1а г1орийначух тера дара.

Аьрзух тера жима стаг къаьрззина хьаьжира воккхачу стеган цхьаъ бе йоцчу церге.

Цкъа а шозза а жима стаг шена къаьрзича:

 Х1а!  олуш, д1акховдийра воккхачу стага морожни.

Шен ира цергаш къарзош схьаэцна цкъа-шозза кхаьллина д1аяг1ийтира морожни жимчу стага. Жимма 1ийна, шен куьг готтачу джинсин кисна даг1ийтина «Суппер стиморол» сег1аз схьадаьккхира жимчу стага. Шиъ буьртиг геннара чуластийна шен бага яг1ийтира цо.

Воккха стаг шен цхьаъ церг гойтуш бага г1аттийна хьаьжничохь висира.

 Х1а, батя!  олуш воккхачу стагана кховдийра г1иллакхен жимчу стага т1улг санна ч1ог1а долчу сег1азан буьртиг. 17 08 08 шо.


Гиххойн кура зуда.

Вайна массарна а евзаш йолчу Гихтан эвлайисттерчу биънекъ къаьсттачу меттиге «Соьлж-Г1ала  Катар-Г1урт» микроавтобус схьакхаьчча шоп1ара мохь туьйхира салон чу:

 Гихта центре д1авиган везаш стагга а вуй?

 Со т1ай доллучохь охьайоссийталахь, стаг,  кхоьссира цхьана курочу зудчо, водителе аг1ора д1ахьажа а ца ешаш.

Шоп1ара-м шен автобус Валаргхьа аг1ора ерзийра, кхин цкъа а ч1аг1алона мохь а олуш:

 Гихта центре воьдуш стаг вуй?

 Со-м ю,  кхин цкъа а кхоьссира курачу зудчо.

 Ой, аса хатта-м ма хаьттира,  реза воцуш яппарш йира шоп1аро.

 И бохург х1ун ду? Аса т1ай доллучохь со охьайоссийта ца элира хьоь?  т1ечевхира кура зуда, Гихта эвлаюккъехь бен х1окху доккхачу дуьненчохь а кхин цхьа а т1ай доцуш санна.


Соьлж-Г1алахь.

Катар-Юрта йоьду автобус «т1анк!»  аьлла хьалайотталца новкъайолуш яц, бехачу новкъахь лаьттарш белла 1оьхкуш белахь а, оцу автобусе хьоьжуш. Эххар а автобус йоьттина яьлча, т1ееира сан дахар санна цхьа ирча зуда:

 Ахча схьакховдадел!  аьлла омра а деш.

Массара а чехкка, ша-шан сиха дала а г1ерташ, д1акховдийра ахча, «и ахча д1аделча а и зуда кочар ер яцара техьа»  аьлча санна.

Цхьана зудчо-м шина меттигна а ахча делира, цхьа ондуо мел к1еззиг а шиъ-ах меттиг д1аолоцура йолуш зуда шена уллора д1аериг.

 Цхьаммо ахча схьа ца делла-кх!  кхайкхира «кассира», «х1инца-м кочар яьллера х1ара»  аьлла хеттачу хенахь.

Массарна а гуш дара чохь мел волучо ахча д1аделла хилар. Амма «кассир» 1ен а ца 1ийна цхьана жимчу стага делира цунна пхи туьма.

Автобус йолаелча, «кассир» геннахь йисича, салон чура зударша г1овг1а эккхийтира: «Оцу, кассир аьлча а, оцу лаьхьано пхи туьма совнаха даьккхира!»  аьлла.

Дов ца соцуш гена даьлча цхьана воккхача стага элира:

 И зуда-«кассир» вайца схьаялон езаш хиллера вай.

 И ма яра хьуна х1окху чохь оьшуш! И х1унда элира ахьа?  воккхачу стагана т1ебирзира зударий.

 Цунна т1ера Карат-Юрта кхаччалца вай ахча д1аделла, цунна дов деш-а-а схьадог1ур дар-кха,  жоп делира воккхачу стага. (март 2009 шо)


Валаргхойн жима стаг.

Массарна а бале даьлла хир ду, Соьлж-Г1алара схьайог1у микроавтобус Гихта схьакхаьчча х1утту хьал. Цхьаъ бен гиххо оцу автобусна чохь вацахь а, и оьций Гихта юьрта юккъе йоьду и, асфальтан зуьбалгех буьззина болчу некъахула. И некъ Гихтан эвлайистехь автобус юьртаюккъе д1ахьаьвзичура Валаргт1е схьабог1учул а дуккха а хала бан дезаш бу, делахь а гиххоша диъ туьмий бен ца ло, валаргхойн пхиъ туьма охьакхоссан дезаш хуьлу автобусан шоп1арна.

Цхьана дийнахь Гихта эвлайистте кхоччушехь, ша х1инццалца ма аллара:

 Гихта центре виган везаш стагга а вуй?!  аьлла хаьттира шоп1аро.

 Со ву!  д1аса а хьаьжна, цхьа а вист ца хилчи, оьг1азен жоп делира цхьана жимчу стага.

Реза воцуш оцу жимчу стаге а хьаьжина, шоп1аро-м шен машен ерзийра эвлаюккъе. Цхьа хан яьлча, асфальтан гушна т1ехула гуттар лахъеш йог1ийтуш, д1акхечира автобус Гихта центре. Амма автобусна т1ера охьавуссуш стагга а вацара.

 Ванах, ахьа хьо Гихта центре ван лууш ву ца элира?  т1евог1авелира жимчу стагана шоп1ар.

 Сан г1уллакх-м чекхдели,  дуьхьала реза вацар гайтира жимчу стага а.

 Ой, и х1ун г1уллакх дара?  кхин а ч1ог1а цецвелира шоп1ар.

 Оццул сайна бале яьлла х1ара гиххойн центр х1инца а лаьтташ юй хьажа дагадеинера суна-м,  шек воцуш жоп делира Валаргт1ерчу жимчу стага.


Педсоветехь.

Гуттар а сихвелла хьехархошна т1е1аткъам беш дош олуш воллура ишколан директор. Ц1еххьана хьехархошна юкъкъехь, хан иккхина волчу ОБЖ-н хьехархочун телефонан горгли бийкира саца а ца туьгуш.

 Ой, и телефон педсоветехь д1аяйан мегаш ма яра!  резавоцуш хьаьжаюккъе шед бира директора.

 Ц1ийнан нана!.. Ц1ера етташ ю!  классан чуьра аратилира ОБЖ-н хьехархо, телефон цхьана минотана а лергара д1аяккха ца ваьхьаш.

 А-а-а, ц1ера етташ елахь-м ц1е яьлла г1уллакх ду иза,  шен хьехархочух дика кхеташ корта ластийра директора.


1абазан рицкъа.

 Хьо х1ун деш 1уьллу кху чохь вижина, боьрша цициг санна!  т1ех1оьттира хьаьрччина вижина 1уьллучу 1аббазана, балхара вог1уш чух1оьттина лулахо.

 Д1авала, ма г1ерта сунна новкъа. Сайна Дала делачу рицкъане хьоьжуш 1уьллу со,  жоп делира 1абаза.

 И х1ун рицкъа ду? Болх ца бича х1ун рицкъане сатуьйсу ахьа?  хаьттира лулахочо.

Назад