Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар - Хаджимурадов Вахит 3 стр.


«Шайна делла хьекъал ги а доьллина», бухахьа долчу хьекъалах и д1а ца ийбийта г1ерташ, шайн ишколе ц1ехьа баха арабевлира учиталаш.

Амма цхьа хьехархо шен г1уллакх доцу дош ала г1оьртира:

 Хьажийша, допобразованин лерамен белхалой! Аша оцу шина сохьтехь дийцина Интернет чуьра, хьекъален хьехараш, т1едиллараш, шаьш тхоьга кхочушдайта электронни почте чухула схьатосучу ханахь, школе д1акхаьчначу хенахь, и муьлхачу школера белхалочо кхочушдан деза билгала даккхийша, шайн аьтто белахь!

 Цо х1ун г1ундалг1аш, къухаш дуьйцу!  цецйелара дирехтар ю бохуш ериг. Хьайн истатусе хьаьжа цкъа хьалха! Со бежана 1у ю-м ца моьтту хьуна, иштта соьца къамел дан! Д1айала кхузара! Йало хьайн бежнаш дажаде аьлча а, хьайн бераш 1амаде, тхо 1амон а ца г1ерташ!

Дирехтарна мичара хаьара, шен «1овдалаша» эцца Интернет чуьра схьа а даьккхина, ишколан хьехархошна «1амош» дериг, ишколан дирехтаро муьлхачу учиталана коча дуллура ду, кхочуш де, аьлла!

Хьехархо-м куьйг а ластийна д1айахара.

Шуьйрачу доп-п1уп1-организацин кет1ахьа латта йисира: 15 эзар зарплата долу бухгалтер а, шен масех милион доьхучу «Лэнд-крузерана» уллохь, буьрса дирехтар а  шен эхь-бехкаца, Далла дуьхьала яхан езаш, цкъа мацца а!


Розех лаьцна дош, кхин цкъа а.

Ишколан йоккхачу уьйченахь юккъе а х1оьттина лаьтташ вара цхьа учитал воккха стаг. Оцу хенахь оцу йоккхачу уьйчена горгам хьакха араяьлла яра техничка Роза. Ойланаша лаьцна волу Воккха стаг уьйчена юккъера д1а ца волура, Роза тергал д1а а ца йора. Го тийсина, тийсина, Розас кхин г1уллакх хириг а ца хилла, ластийна Воккхачу стеган когаха боьха горгам т1ехь кхозуш йолу швабра ялийтира:

 Эх! бехк ма биллалахь,  оьккхийтуш.

 Х1умма а дац, Роза, аса-м ловр ю хьуна и ахьа тоьхна швабра!  шен ойланийн йийсарера велира Воккха стаг.

 Деллахьа, т1етухура йолуш Роза а ма ю хьуна, лахь а, ца лахь а!  эккхийтира, йистехьо лаьтташ волчу ишколана икатешника Рамзанас.


Казбекас ахча д1адалар

 Со хьайн дирехтор, лара х1унда ца лору ахьа? Т1аьхьа а висина ма веъна хьо балха тахана а!  дов дира ишколан керла х1оттийначу директора Арбетас, завхоз болх беш волчу Казбекана.

 Ой, со Ачхой-Мартане светах, газах, хинах ахча д1адала ма ваханера!  бехказа велира Казбек.

 Вай, аса светах, газах хьоьга ахча д1ало бутт хьалха ма элира,  цецйелира ишколан дирехтор.


Шабашкера ц1абог1у «молланаш». 1умарин дийцар.

Сибрехара шабашка чекхяьлча «нохчийн поездаш» бара ц1ехьа г1ерташ. Дехьа, сехьара купейшна чуьра, вагонаш чуьра а схьагулбелла зударий бара цхьана купейна улло гулбелла ладуг1уш. 1аламат ч1ог1а хаза назма яра оцу купейначуьра схьахезаш. Зударша б1аьргана йисте хьокхура йовлакхан маь1иг, дукха назмо дог дашадина.

Эххар а назма д1атийра, «занкъ!» аьлла схьаеллаелира купейна не1. Зударий чухьаьжича гучуелира стол. Т1ехь лаьттиш «Жигулевское» пиво а дара, дика т1екхалла х1ума а яра.


Техничкин Розин сардамаш

 Сардам болла а ца хаъа суна, ШЕН ДАГТ1Е МЕЛ БОЬДУ ПХА БАКЪАБОЙЛА ЦУЬНА,  бохура Розас.

                 

 Оцу мечакана т1е х1уьттуш бу х1орш шаберш, ЦУЬНАН КАШ ЧУ БИЙШАР ЛОЙЛА Х1ОКХАРНА МАССАРНА А!  бохура Розас даггара.


1усаман бегаш.

 Х1ан, х1инца со д1авоьдуш ву-кх!  кхаъ баьккхира 1умарас.

 Стенга воьду хьо?  хаьттира 1усамас.

 И дуьйцуш дац,  дийца реза ца хилира 1умар.

 Т1аккха делахь, г1ундалг1аш т1е йовлалца собар де,  хьехам бира 1усамас.

 Аса х1унда до собар, г1ундалг1аш т1е йовлалца?  хаьттира 1умарас.

 Г1ундалг1ашна юккъехула хьо д1а мича вахана хуура ду-кх!  хьоьхура 1усамас.


Йоккха стаг  пенсионер.

Тхан ишколехь болх беш йара цхьа йоккха стаг пенсионер. Шаболу пенсионераш, гирз даьлла маймалаш санна, ишколера балхара д1абохуш бара. Амма йоккха стаг балхара д1а ца йаьккхинера, х1окхо шен хеннахь директорна ивзятка а елла  «Хьакъйолу хьехархо», аьлла ц1е йаьккхинера шена. К1ентаций, кхоалг1а-йоьалг1а йалийна йолучу к1ентан зудчуьнций 1аш йара йоккха стаг. К1анта-м вон вацара х1окхуьна  мала а мелла, айбина ша чу вохьуш, х1окхунна б1аьргаш къарзадора-кх цо.

Х1инцалерачу ишколехь баккхийра хийцамаш хилла, компьютерца гергало лелон дезаш хуьлу, цундела йоккхачу стеган, и компьютер гича кхин самукъа а ца долу.

Иштта цхьана дийнахь, компьютерца тасаделла къамел девне даьлла йоллуш йара и. Хиллане а компьютерца машар ца хилча, йоккхачу стага элира:

 Валлай, х1окху ишколера д1а а яьлла д1аг1ура яра со, и ц1ераниш ган ца безахьара!


Воккхачу стеган зудчуьна паспорт хийцар.

Цхьана воккхачу стеган зуда яхана хиллера т1аьххьара хуьйцуш долу паспорт хийца.

 Хийцан хьан паспорт?  хаьттина воккхачу стага зудче и ц1а еъча.

 Хийцина дера паспортана т1е тоьхна сурт хаза-м ца даьлла сан,  реза яцара зуда.

 Ой! Хьайн 15 шо кхаьчча даккхийта дезаш ма хиллера ахьа и сурт,  хьехар дора Воккхачу стага.

15.01.2019 шо.


ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ.

Дешаран урхаллера ши испециалист кампеташ эца туькана йоьдуш яра.

Кхоалг1аниг наб озийна ч1енги к1ела буй а г1ортийна 1аш яра.

 Хьо йог1ий туькана?  хаьттира кампеташ эца йоьдучу шимма.

 Ца йог1у, со иштта а хаза ю,  жоп делира набарх яланза йолучо.


Керла телпо-з1е.

Керла телпо а эцна, цунна т1ехь болх бан ца 1емаш воллура цхьа Дешаран урхаллин испециалист.

 Ваццап юй хьан?  хаьттира уллохула т1ех волучу цхьана воккхачу стага.

 Ю дера са-м ваццап а ю, «Приора» а ю сан-м,  жоп делира хьекъален корт.


Г1алара еъна хьаша.

«Ц1ОКО» (ц1ентр оценка качеств образовани) олуш йолчу леккхарчу организацера т1ехьажа еъначу цхьана мечикна улло а ваьлла вог1ура ДУ испециалист цхьа воккха стаг готтачу уьйчахула. Воккхачу стага шена хьалхара не1 схьа а йоьллий, ша хьалха не1арах чоьхьа йолийтуш хилар тайнера мечикна.

 Ой, х1окху Нохчийчу еъчахьана, хьо воцург, не1 а йоьллуш, со хьалха чоьхьа йолийтуш боьрша стаг ца вели-кх суна,  къежара мечик.  И шун г1иллакх ду иштта акха, шайн зударий т1аьхьа а бохий, лелар, ширчу заманахь санна? Ахьа со-м ма йолийту хьайна хьалха чу, не1 схьа а йоьллуш,  хоьттура цо.

 Тхайн зударий хьалха чу ца бовлийтар, акха хилар дац тхан,  мечик кхетон г1ертара воккха стаг.

 Ткъа х1ун ду и, акхалла бен,  къар ца лора мечик.

 Зуда хьалха чоьхьа яьлча, цунна коьртаха х1ума ца тохийта, тхаьш хьалха чоьхьа довла тхо,  кхетийра эххар а воккхачу стага лаккхара хьаша.

21 январь 2019 г.


Шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш волу испециалист Мохьмад

Малх делкъана хьала баьлла соцунг1а хилла лаьттачу хенахь, ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ а, цаспециалисташ а, шайн белхан ц1е дукха хенахь йицъелларш а, кехаташ д1акегош, схьакегош т1аккха вукху аг1ора кегош балхана хаъъал ницкъа бан г1ерташ бохкура.

Кехатийн эрна бечу балхо б1арзвина, луларчу кабнетана чу, «шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш верг»  аьлла лаккхара ц1е йолчу Мохьмад волчу, веъира воккха стаг, ДУ-хь (дешаран урхаллехь) къар велла кочура ца волуш висина пенсионер.

«Лулахочо» бийцира, бийцира шен бала, кхин цкъа а, кхин цкъа а:

 Х1ара кехат гой хьуна? Х1окху кехатана т1ехь бан беза болх къематан де ду-кх!..

 Х1ара кехат гой хьуна? Х1окхунна т1ехь хьега дезаш долу къа, дийцина а вер вац, х1ара а, х1ара а, кхин х1оккхула а къахьеган деза-кх!!!

 Х1ара кехат гой хьуна?..

 Ткъа х1ара кехат!

 Ткъа х1ара!!!

Воккха стаг корта лестош а лаьттина, ара валан вуха д1аволавелира, лесточура корта а ца сацош. Не1аран саг1ехь сецина г1ийла вуха хьаьжира и:

 Со-м сайн оцу кехатийн (бюрократийн) бала балхон веънера хьо волчу.

 Ой, собар де ткъа, бийца хьайн бала, дош олуш ахьа нахе бийцича, бала а жимма лахло хьуна.

 И бала-м ахьа суна айхьа бийци,  олуш д1авахара воккха стаг.

20.02.2019шо.


Истарши испециалист 1алавди.

ДУ (Дешаран урхалла) истарши испециалист 1алавди вара, х1ора дийнахь «Ц1ОКО-но» (ц1ентр оценка качеств образовани) дешархошна а, хьехархошна а х1уьттарена ишколашна еллачу тестийн отчет, ишколаша «ЦIОКО-н» Интернет-сайтана т1е яьккхиний хьожуш, 1уьналла деш.

Д1атуьйхира 1алавдис цхьана ишколе телпо-з1е:

 Шун да хьакхийца аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!

 Яьккхина-а-а! Яьккхина-а-а-а!!!  хезира дуьхьала, дахделла, дуткъаделла, к1адделла аз.

Д1атуьйхира 1алавдис кхин цхьана ишколе а телпо-з1е:

 Шун да а, ден ваша а!!!.. Аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!!!

 Ва, 1алавди-и-и, яьккхина, яьккхина, селхана дуьйна аьлча а, 1уьйрана аьлча а, суьйрана

Д1атуьйхира 1алавдис телпо-з1е кхин цхьана ишколе а:

 Шун да а, ден ваша а, цуьна вешин ваша а!!! Хьакха юуш!!!  дов дира цо. -Тестийн отчет чу х1унда ца яьккхина аша, Делан мостаг1ий!  олуш х1инцалерачу нохчийн хьаькимийн озаца т1ечевхира Дешаран урхаллин Истарши испециалист.

 Делахь ца хаьаа суна-м ахьа х1ун отчет юьйцу, ша х1окху цхьана вехаш волчу стагана динчу ц1ено чохь айса еш йолчу иштукатуркех лаьцна ца язъяхь и отчет,  жоп делира аз доьхначу иштукатуршиц-зудчо.

Телпо-з1е харцахьа кхеттачух тера дара 1алавдин х1инца-м.


Истарши испециалист Шема. (Шема Йинчу денца декъала йеш)

Йина де ду, аьлла совг1аташ дира истарши испециалистана Шемина ДУ (дешаран урхаллехь) мел волчу воккхачу, кегийрачу, лакхарчу, лахарчу испециалисташа. Мел к1езига а, цхьа машен йоьттина хир йолуш совг1атана х1ума вовшаха кхеттера Шемин.

Х1усамда, Эстамаран к1ента, к1ентан к1анта, машенахь т1аьхьа а веъна д1а йиган карах ца долуш, итт туьма а лой такси кхойкхура Шемина даима а. Цундела, Шемица цхьаьна болх беш волчу гергарчу Воккхачу стага, кест-кестта шеца ц1а д1акхетайора истарши испециалист.

Тахана а хаьттира Воккхачу стага:

 Шема, со ц1а воьдуш ву, хьо д1акхетайой шун ц1а?  аьлла.

 Дера ца кхетайо тахана-м Эстамиров едет!  кур-ра жоп делира истарши испециалистас Шемас.

 Суна-м хаара, шена д1аяхьа х1ума хилча, и шун Эстамиров хьо д1айига машенахь вог1ур вуй!  элира Воккхачу стага.

21 февраль 2019 шо.


К1едачийн де (День ленивых)

Цхьана воккхачу стеган хилла ч1ог1а к1еда, карх ца долуш зуда. Ша деш долу г1уллакх (нагахь дагадеъча) дина ца йолуш, д1айолалуш, схьайолалуш, соцуш «Ванах, со х1ун деш ю-ю! Со мила яра-а! Аса х1ун леладо-о!»  бохуш санна лаьтташ, ц1енкъа юккъе д1а а хуттий.

26 чиллан беттан де «К1едачийн де!»  аьлла д1акхайкхиний хиира зудчунна телевизорна чухула.

 Хьажал, стаг, ахьа бохура со к1еда стаг ю, сан г1уллакх дан карах ца долу! Тахана шадерг дуьне а ду К1едачийн де даздеш! Гой хьуна!  т1ехтуьйхира зудчо.

 Неха-м шарахь цхьа де хир дара и «К1едачийн де», хьуна-м х1ора де а ду и,  элира воккхачу стага.

2019 шеран чиллан беттан 26 де.


Маккин алапа

ДУ (дешаран урхаллехь) лакхара классан испециалист йолучуьра хьалхарчу классан испециалист, аьлла зарплата т1е ца тоха керла ц1е а елла, лелаш йолчу Макка шен миска зарплата схьа ца луш гуттар а карточкана т1е даьлла смс лара еш хуьлура.

 Эх1, зарплата т1е даьлла-кх вайна! Хьоьгара кхаъана 50% хьан зарплата дог1у суна,  аьлла хаза хитира цунна шен телпо т1е хаьжича, уллохь 1аш волчу ша санна миска испециалистана кхаъ а баьккхира цо.

 Ой, соьга а ца боккхуш, хьаькиман г1оьнча волчу Ахьмаде баккха безаш ма хиллера ахьа и кхаъ!  жоп делира вукхо.

 Х1унда?  цец яьллера Макка, шена 50% хир яц аьлла тарделла.

 Цуьнан зарплата 40 эзар ду, сайниг-м 17 бен дац. Цунна бу-кх и боккъал а кхаъ!


Макка электроэнергин коьртаниг.

ДУ (дешаран урхаллин) хьалхарчу классан испециалист Макка электроэнергин урхаллин белхалочуьнга маре яхар нисделира. Цхьаъ испециалист марехь яра хин урхаллин белхалочуьнгахь. Ши йо1 хьовзайора белхалоша хи д1адаьлча а, электричество д1а яьлча а: вайн невце телпо тоха еза, олий.

Цхьана дийнахь свет д1айоккхуш, схьайоийтуш, д1айоккхуш, схьайоийтуш, компьютераш болх бан ца юьтуш лаьттира.

 Макка, и вайн нуц тахана-м кеп йина ву моьтту суна,  элира цхьана белхалочо.


Ахьмадас телефон тохар.

Со улло т1е вахача а лаьтташ хилар телпо етташ.

 Алло!

 Хьо хьаьнга етташ ву телпо?

 Хьоьга етташ ву-кх.

 Делахь, алло!  лерга лецира телпо.


1уьйрана балха т1аьхьадуьсуш

 Мачаш х1унда ца ц1анйина ахьа?  реза вацара майра.

 Мачаш ц1анйича, хьо д1а г1ура ву машенахь, соьга а ца хьоьжуш!


Учиталийн чоь.

 Х1окху учиталски кабинетана чохь меттиг шоръелча санна ма хета суна. Х1окху чуьра цхьа, шиъ истол араяьккхина моьтту суна?  ца кхеташ хьоьжура воккха стаг чухула д1а-схьа.

 Деллахь ца яьккхина кху чуьра-м цхьа а стол ара. Эццига техничкас горгам а хьаькхина цхьажимма чан д1а яьккхин-кх!  кхетийра воккха стаг математикан хьехархочо Хьавас.


Воккха стеган кхаж.

Ишколан столови чохь истолана гонаха хевшина 1аш иттех хьехархо-зударий бара. Столови чу веъира хьехархо-воккха стаг, чайн истака малан дагахь. Зударшна юккъера дирекхторан г1оьнча а йолуш, г1иллакхен жимчу зудчо Фатимас сиха воккхачу стагана чайна истака доьттира:

 Х1окху зударшна юккъе ца хааво аса хьо, кхаж баларна кхерам бу хьуна,  элира воккхачу стаге жимчу зудчо.

 Цхьа-шиъ кхаж баьлча а новкъа-м бацара,  ша-шега олуш санна элира воккхачу стага.


Вон зуда.

Чохь г1уллакхаш дан а ца хаа хьуна! Вон зуда ю хьо, хьо д1а а яхийтина, кхинарг ялон еза!  дов дора воккхачу стага шен зудчунна.

 Ва, стаг, со х1унда ю вон! Молуш а яц, узуш а яц!  бехказа юьйлура зуда.


Разита.

Курсийн куьйгалхо Разита реза йацара, хьехархоша шера ца аларна:

 «Иштта» а олуш, майрра ала дош!

 Разита, «дуй хьуна!» ала ца мега!

2021 шо.


1ашхой-мартанхочун забар.

 Хьажахь, дукхавахарг, х1ара х1ун юрт ю? -хаттар дина катархочо валаргхочунга.

 Валарг ю-кх,  жоп делла валаргхочо.

 Валарг-м шаверг а вара шу, юьрта ц1е йийцахьа,  бегаш бина катархочо.

 Деллахь ца хаа, Валаргий, Катар-Юрт вовашахкхетталца-м иштта ц1е яра х1окху юьртан,  жоп делла валаргхочо.

 Эх1, ткъа х1инца тхан Катар-Юртах шун Валарг схьакхетта ма ели, х1инца х1ун ц1е туьллура ю аша шайн юртана?  хаьттина катархочо.

 Деллахьа ца хаьа. Катархо-Валарг ц1е туьллург хир ю-кх,  жоп делла валаргхочо.


Валаргхойн забар.

 Х1окху юьртан ц1е муха ю эр дарий ахьа, жима стаг,  хаьттира юьртара воцучу цхьана стага ца ваьлла х1окху юьрта нисвеллачу цхьана стага.

 Х1ара юрт Валарг ю, ткъа со валаргхо а ву!  жоп делира жимхас.

«Деллахь, х1окху юьртахь 1аш ма вара и сан цхьа хьаша, иза 1аш волу урам карор бацар тешна»  ойла еш юьртахула волавелира юьртара воцу стаг жимхана жимма гена ваьлча. Дуьхьала йог1у цхьа зуда саца а йина цуьнга а хаьттира цо:

 Хьажахь, яларгхо, иштта ц1е йолу урам стенгахь бу хаьий хьуна?

 Ой, со х1унда ю яларг!  реза йоцуш яппарш йира зудчо.

 Ца хаьа делахь суна-м, и д1о воьдург валаргхо хилчи, хьо яларгхо ца хуьлу?  цецвелира юьртара воцу хьаша.


Пису-Мохьмадан жижиг-галнаш

Цхьамма-м пис-Мохьмад ца алархьама Пису-Мохьмад олуш керла ц1е кхьоьллина цхьана мартанхочунна.

Цхьана суьйрана лулхо чувог1уш хаавеллачу Пису-Мохьмадас, х1усамнанас х1инцца дина схьадаьхна жижг-галнаш, дехьачохь хьулдина. Хьулдар х1ун пайда бу, жижг-галнаш муха гена чомехь хьожакхеташ ду ма хаьий вайна-м. Лулахочунна хьалха-м Мохьмадан х1усамнанас стомарлера сискалан ах а, мустбелла шолг1а к1ира а долу морзберам а х1оттийна.

Жимма 1ийна лулахо д1авахан тохавелича Пису-Мохьмада бехказа-волун кеп х1оттийна:

 Деллахь, хьенех, бехк ма биллалахь хьо ледара т1еэцарна, юучух херделла тхо т1ехьарчу хенахь. И сискал, морзберам мерза хилла-м хира бац,  аьлла.

 Делахь, Пису-Мохьмад, дара уьш-м ша х1инцца схьадаьллачу жижг-галнийн хьожа а йог1уш!  жоп делла лулахочо.


Мумадан кибарчиг.

Пеш юттуш воллуш Махьмудан цхьа ц1ен кибарчиг т1е ца тоьина. Шен кертахь лахарх кхин ц1ен кибарчиг ца карийна цунна. Лулахь кестта ц1ен кибарчигах ц1а а доьттина 1аш волчу Мумадан керта кхайкхина Махьмуд

 Х1ун боху,  аьлла дуьхьала ц1ачура араваьлла Мумад.

 Деллахь, Мумад, цхьа еттана кибарчиг ма оьшура суна, пешана йилла ца тоьи сан,  дехар дина Махьмуда.

Назад Дальше