Фарз меже юьлуш лелийначу хица нажас д1аяккха мегаш дац.
4-НАЖАС ХИ
Нажас хи иза шена чу йоьжначу нажасо11 хин бос я чам я хьожа хийцина хи ду, иза дукха далахь я къезиг далахь башхалла яц. Иштта башхалла яц, цу нажасац хин бос а, чам а, хьожа а хийцаелча я царех12 цхьаъ я шиъ я кхоий хийцаелча а. Хин басах, чомах, хьожах муьлха цхьаъ нажасац хийцалахь и хи нажас хи ду, иза к1езиг далахь а я дукха далахь а. Нажас хи цхьанни х1умангахь лело мегар дац.
Амма ц1ена хи чу нажас йоьжнехь, делахь а цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, ишттачу хин ши хьал ду:
1-Хи ши б1е (200) литр дацахь цунна чу нажас йоьжнехь и хи нажас ду, нажасо цу хин бос я чам я хьожа хийца ца хийцнехь а, х1унда аьлча ши б1е (200) литр доцу хи к1езиг хи ду, нажасан дуьхьоло ца яло цуьнга, нажасан бос я чам я хьожа цунна т1ехь гучу ца яьллехь а.
Амма ши б1е (200) литр доцу нажасац бехделла хина т1е ц1ена хи доьттина нажасац бехделла хи ши б1е (200) литр я кхиъ сов далахь, т1аккха цу хица нажаси чам я хьожа я бос хаалуш бацахь, и хи ц1анделла ц1ена хи ду 1ибадатехь лело мегар долуш.
2-Амма хи 200 литр я кхиъ сов далахь цу чу нажас йоьжнехь, цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, и хи ц1ена ду, 1ибадатехь лело мегар ду, х1унда аьлча дукха хи ду иза, нажасан дуьхьало йина, цунна т1ехь тоь́лу иза.
Нажасац бех делла хи ц1ан делла хуьлу, нагахь санна:
1-хица йолу нажас ша д1аялахь т1аьхьа х1ума ца юьсуш, нажасан чам а хьожа а бос а ца буьсуш хица.
2-я хин т1е дуккху хи доьттина хи ши б1е (200) литр бараме кхачахь, нажаси бос а чам а хьожа а ца юьсуш, т1аккха хи т1ох1ур хуьлу, нажас хи чохь гуш ялахь а.
Амма нажасац хийцаделлачу хина т1е латта я миска я уксус я кхи йолу муьлха х1ума тоьхча13 нажас къайла ялахь а хи ц1ан делла ца хуьлу, х1унда аьлча, цу х1умнаша нажас д1ацайоккху амма къайла йоккху, т1къа цара нажас къайлаяьккхича хи ц1анделла ца хуьлу.
Шина пхьег1а чохь ц1ена хи ду. Цершиннах цхьана пхег1ачу нажас йоьжна хи бехделла, амма муьлха пхег1а чу йоьжна ца хаа, бехделларг х1у хи ду ца хаа я ц1ен дерг х1у хи ду ца хаа. Х1ун дийра ду? Б1аьрса са долуш валахь цо хи цуьнан 1аламаташца толлура ду ц1ена дерг боьхачух схьакъасторхьам, т1аккха цу шина хих шена ц1ена хеттарг лелор ду ламаз оьцуш я луьйчуш.
Амма ши хи тиллича ц1ена хила мегарг къаста цалахь, шийи хи д1а1анора ду, т1аккха кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду14, цу темаца дина ламаз юха хица ламаз эцна доькхуш т1е дан ца деза.
Амма шина пхьег1а чохь долу боьхий ц1ений хи иэделларг б1аьрзе валахь, цо хи толлура ду цу шиннах ц1ена дерги боьха дерги къасторхьам. Цуьнга ц1ена хи боьхачух къасталахь, шена ц1ена ду аьлла билгалла даьлларг лелор ду. Амма цунна цершиннах ц1ена дерг билгалла ца далахь, цо и шиъ д1адуттура дац, б1аьрса са долчо бохург дийра ду цо.
Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь зезагах даьккхина хи ду, цершиннах ц1еннарг муьлхнаг ду, зезаган хи муьлхнаг ду ца хаа, х1ун дан деза?
Цершиннах ц1ена дерг муьлхнаг ду хьажархьам и талла ца толлуш, шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь, тема дийра ду.
Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь хьат1 ду, цершиннах ц1еннаг муьлханаг ду, хьат1 муьлханаг ду ца хаа, х1ун дан деза?
Шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду.
КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: НАЖАС хiуманаш
Шарий1атехь нажас лору х1уманаш дукха ю. Нажасах бусалба стаг ларвала везаш ву, цунах ц1анвала везаш ву. Къаьстина 1ибадат деш бусалба стега дег1а т1ехь я бедар т1ехь я 1ибадат до меттехь нажас хила йиш яц. Нажас т1ехь йолуш дина 1ибадат нийса лоруш дац шарий1атехь. Цундела, шарий1атехь нажас лору х1ума йовзар т1ехь ду х1ора кхииначу бусалба стагна а, зудчунна а.
ШАРИЙ1АТО ШЕХ ЛАРВАЛА Т1ЕДИЛЛИНА НАЖАСАШ:
1-АДАМИ ХЬАТ1, БОЬХАЛ
Адами хьат1 а, боьхал а нажас ю. Амма адами15 хи16 нажас дац, ц1ена ду, х1унда аьлча Дала сийлахь кхоьллинчу адамин бух болун дера иза. Амма и хи хьатт1ац иэделла далахь иза нажас ду.
Амма дийнати хи17 ц1ена ду. Ж1алинагий, хьакхинагий, цершиннах18 я цершин цхьаннах19 схьаяьллачуьн хи доцург, иза нажас ду.
Зудчун хьалхарчу бехке меттера йолу т1уналлах20 нажас ерг ю, йоцург а ю. Зуда нишкахь когаш т1е оьха хиича цуьнан хьалхарчу бехке меттера гучу йолу т1уьналла нажас яц. Амма стега бехке меттиг зудчун бехке метте чу кхочучу21 барамер ара йолу т1унал а нажас яц. Амма цулла дехьа йолчу меттера йолу т1уналла нажас ю.
Амма т1ехьарчу бехке меттера ара йолу т1уналла нажас ю.
2-ДИЙНАТИ22 ХЬАТ1 А, БОЬХАЛ А
Яа хьанал йолу а хьанал йоцу а муьлха дийнати хьат1 а, боьхал а нажас ю.
3-ХЬАЛА1АЬТТИНАРГ
Адамо хьера23 чуьра хьала1аьттинарг нажас ю, хьала1аьттинарг кхоллуш ма хиллар ялахь а я хийцаелла ялахь а. Амма некхара24 я легашкара хьала1аьттинаг нажас яц, х1унда аьлча хьера чу кхечна йоцун дера иза.
Муьлха дийнато хьала1аьттинарг а нажас ю.
4-МАЗЬЮ
Мазью иза к1айчу басахь йолуш, чекх са гуш юькъа йоцуш т1унал25 ю, шах1ват26 меттах даьлча бехке меттера йолуш ю иза. Иза нажас ю. Стагна а, зудчунна йолуш хуьлу иза. Иза т1екхетта меттиг цунах ц1ан ян еза. Мазью стагна а, зудчунна а йолуш хуьлу.
5-ВАДЬЮ
Вадью иза к1ай йолуш, юькъа т1унала27 ю, хьат1 телча йолуш хуьлу иза, могуш ца хилча йолу иза. Еза х1ума аййича а йолуш хуьлу иза. Стагна а, зудчунна а хуьлу иза. Иза нажас ю, д1аяккха езаш.
6-ОХЬ ДОЬДУ Ц1ИЙ
Охь доьду ц1ий нажас ду, адами ц1ий далахь а я дийнати ц1ий далахь а. Амма адами дег1а т1ехь чов хилла я сурх 1оьвдина ц1ий даьллехь, делахь а иза охь доьдуш доцуш гучу даьлла лаьтташ далахь, иза дита мегаш ду, Дала геч дина цунна, амма иза охь доьдуш далахь дита мегар дац, д1адаккха деза.
Амма кхечу адами ц1ий стагна т1екхетахь, иза къезиг далахь цунна геч дина, амма иза дукха далахь, т1аккха д1адаккха деза иза. Амма цо кхечун ц1и ша шена т1е тохахь, т1аккха цунна геч ца до иза к1езиг далахь а.
Амма ж1алий, хьакхий ц1и т1екхетахь иза дита мегар дац, иза мел къезиг далахь а, д1адаккха деза иза.
Амма урс хьаькхинчу дийнати до1ахки, 1онжари28 ц1ена ду, даа мегаш ду и шиъ ц1их кхолладелла далахь а.
Урс хьаькхан йиначу дийнати даь1ахкан а, жижиган а т1ехь долу ц1ий нажас дац.
7-НОТ1
Нот1 нажас ю.
8- ЧОЙНА Т1ЕРА ХИ, АХКАРГАН ХИ
Чойн т1ехь гуллуш долу хи а, ч1ор дагича я лазадича цунна бухахь гулло хи, я ахкарган бухах гулло хи ц1ена ду нагахь санна цуьнан хьожа яцахь. Амма цуьнан хожа ялахь, нажас хи ду иза.
9-КЪЕ ЕЛЛАРГ
Къе елларг, иза шарий1ато т1е ма диллар урс хьаькхина ца йинарг ю.
Къе елларг ериге нажас ю. Цуьнан чо а, мас а, т1арг1а а, цуьнан кийрахь йолу шура, цуьнан массо х1ума а нажас ю.
Амма делчу адами дег1 я цуьнан меже нажас яц, иза бусалба я кериста хиллехь а, стаг я зуда хиллехь а.
Къе белла ч1ара, къе делла ц1оз а хьанал ду, нажас ца лору и шиъ. Цундела, белла ч1ара карабахь, я делла ц1оз карадахь, и шиъ яа хьанал ю. Амма ч1ара жима балахь цхьауз кхаллар бен боцуш, цуьнан кийрахь дерг даа мегар ду. Амма ч1ара боккха балахь цхьауз кхалларца бериг д1акхаллур боцуш, т1аккха цуьнан кийрара нажас д1аяяккха еза.
Шен меже яьккхича шен охь 1енаш ц1ий доцург а нажас яц. Масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, къийзорг29, сегал30, стоьма юккъахь кхоллабелла н1ана, юучу х1уман юккъахь кхолбелла н1ана. Царех цхьаъ хичу йоьжна цу чохь елча хи бехцало.
Амма уьш хи чохь дукха ялахь, уьш елла ялахь, уьш бахьна долуш хи хийцаделлехь, т1аккха хи нажас ду. Хийца цаделлехь нажас дац.
Амма шен охь 1енаш ц1ий доцург елла йолуш хичу кхоьссича и хи нажас хуьлу, амма и хи 200 литр далахь, хи хийцаделла дацахь, т1аккха хи т1ох1у́р хуьлу.
10-ДИЙНА ЙОЛЧУ ДИЙНАТЕХ СХЬАЯЬЛЛАРГ
Дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла йолу муьлха меже нажас ю, х1унда аьлча иза къе елларг санна йолун дера. Пайхамаро, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дийнат дийна долуш цунах яьккхинарг къе елларг ю»31.
Вайна даа хьанал долу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла шура, мас, чо, т1арг1, пух, хьацар а, багар шат а ц1ена ю. Амма цуьнан ма1, м1ар, берг32 я кхиерг нажас ю. Амма иза делча цуьнан муьлха х1ума нажас ю.
Амма даа хьанал доцучу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла цуьнан шур, чо, мас, т1арг, ма1, берг, кхи йолу муьлха х1ума а нажас ю.
11- Ч1АГ1АР
Ч1аг1ар нажас ду, иза кемсех, тамрех, я кхечу х1уманех даьккхина далахь а.
Ч1аг1ар бохург ша мелча вахош йолу х1ума ю. Иштта аларан бахьана, молуш йоцуш амма вахош йолу х1уманаш хуьлун дера ду. Масала: анаша, таблетк, иштта кхин а. Уьш хьарам ю, делахь а, царех хьакхавелча бех цало, х1унда аьлча уьш нажас яц. Амма вахош йолу молуш йолу коча х1ума хьарам ю, нажас а ю, иза кхетта меттиг боьха лору.
12-Ж1АЛА, ХЬАКХА
И шиъ нажас ю. Цершиннах33 схьаяьлларг я цершинах цхьаннах34 схьаяьлларг нажас ю.
Ж1АЛЕХ ХЬАКХА ВАЛАР:
1-Ж1алин т1еда меттиг35 цхьаннех хьакхалахь, иза хьакхаелла меттиг боьха лору.
2-Ж1ала т1оьхулара т1еда далахь, цунах хьакхаелла меттиг боьха лору.
3-Ж1алин екъа меттиг т1еда меттигах хьакхалахь и меттиг боьха лору.
Кху кхаа хьолехь ж1алехь хьакаелла бех елла х1ума ворх1за йила еза, цхьауза латтаца юьлуш.
Ж1алин екъа меттиг екъачу меттигахь хьакхалахь, и меттиг боьха ца лору.
Ж1алах хьакхавалар дериге а хьакхах хьакхавелча а ду.
НАЖАСАН МЕТТИГ Ц1АН ЯР
(1) -Ша шен дег1аца нажас йолу х1ума нажас йолучера д1ацайолу. Масала: ж1ал, хьакх, къе елларг, ц1ий, хьат1, боьхал, иштта кхи йолу нажас х1ума а. Нажас йолчера ц1анлуш ер кхоъ ю, ч1аг1ари, къе еллачун ц1оьки, къе еллачух кхоллаелла са долу х1ума. Уьш ц1анялар ишта хуьлу:
1-Ч1аг1ар ц1ена хуьлу иза ша ч1аг1ар долучера хийцаделла, цунах уксус хилахь, адамо хийцина доцуш. Иштта кхолладелла уксус ц1ена лору. Амма адамо хийцина хилахь, из ц1ена ца лору.
2-Яа хьанал йолу х1ума къе елча иза ериге нажас ю Делахь а, цуьнан ц1ока дабг1а дарца ц1анлуш ю.
3-Къе еллачу х1умах кхоллаелла са долу х1ума ц1ена ю. Масала: къе еллачу х1умах кхоллабелла н1ана. Иза ц1ена бу.
(2) -Ж1алин, хьакхин нажасах бехъелла х1ума ворх1уза ц1еначу хица йила еза, цхьауза латтаца юьлуш. Ворх1аза йилар д1адолало нажасан дег1 д1адаьккхинчул т1ехьа. Амма ж1алин я хьакхин нажас т1ехь гуш йолуш, цуьнан дег1 д1адаккхаза долуш нажасах меттиг йила мегар дац. Ворх1аза юьлуш латта хьалхара йиларца лелор дикох ду. Латта ц1ена хила деза, шеца йоцу кхи х1умма шех иэелла йоцуш.
(3) -Яах1ума яаза а, малаза а, векхаш бен воцу к1ента36 хьат1 кхетта меттиг йиттар т1ехь дац, цунна т1е хи доьттича кхачам бу, нагахь санна хьат1ан чам, хьожа, бос д1абалахь. Д1ацабалахь д1абаккха беза.
(4) -Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ента хьат1 кхетта меттиг нажасах ц1аняр хьахий вай. Амма кхи йолу муьлха нажаса цхьауза йилча тоьуш ду. Амма цхьауза йилча ц1анцалахь, ц1анаяллалца йила еза. Нажас д1айоккхуш х1ара бехкамаш ларбан беза:
Юьлуш йолучу х1уман т1ера нажаси дег1, чам, бос, хьож д1аялийта еза.
Йилча чам бисахь, боссий хьожий д1ааяьлла, и меттиг ц1аньелла яц.
Йилча боссий, чаммий д1ааабаьлла хьожа д1айолуш яцахь, иза ц1ена лору.
Йилча чаммий, хьожий д1ааяьлла бос д1аболуш бацахь, иза ц1ена лору.
Йилча чам д1аабаьлла, хьожий-боссий цхьаний биснехь, иза ц1анъелла ца лору.
Нажасац бехъелла х1ума юьттуш иза 1овдар т1ехь дац37, амма 1оьвдича дика ду.
Нажас д1айоккхуш саба я цу кепара кхи х1ума лело мегаш ю, цулт1ех ц1еначу хих яьккхичхан.
Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ент1а хьат1 доцуриг, кхи йолу нажас д1айоккхуш меттиг цхьауза хица йилича кхачам бу элар ас лакхахь. Делахь а, цхьауза йилча иза ц1анлахь а, шоллаг1а а, кхозлаг1а а йилар дика ду.
Нажас юьлуш ният дар т1ехь дац.
Нажас д1аяккха сихо яр дика ду.
ДАЛА ГЕЧ ДИНА НАЖАСАШ
Нажас д1аяккхар, цунах лар валар т1ехь ду массо хьолехь. Делахь а, шарий1ато геч дина д1аяккха хала йолчу я шех лар вала хала долчу цхьайолчу нажасах, адаман атталла яра хьам, царна т1ера хало д1аойуш. Шарий1ато геч дина нажасаш кхетта меттиг йила ца еза, я и нажас д1аяккха г1ерта ца веза, х1унда аьлча, Дала геч дина цунна. Шарий1ато геч дина нажасаш х1орш ю:
1-Б1аьрган38 гуш доцу хьатт1ан ц1инш. Уьш бедарна, дег1ан, меттиган т1е кхетнехь а. Амма б1аьрган гуш долуш хьатт1ан ц1инш кхетта меттиг йила еза. Иштта б1арго ца лоцу кхи йолу нажасаш а.
2-К1езиг ц1ий, нот1 дег1ац я бедарц хилча геч дина ду, нагахь санна стага ша шена т1е тоьхна дацахь иза.
3-Дийнат ялтан т1оьхула лелаш ялтан т1е кхеташ долу дийнати хьатан, кхон геч дина.
Дийнат узуш схьаяьллу шура чу дужу кхон а хьат1ан а геч дина нагахь санна шура чу доьжна кхо а хьат1 а дукха дацахь, шура хийцал39. Амма иза дукха хилла цо шура хийцнехь, т1аккха и шура нажас ю. Ца хийцнехь нажас яц.
Дийнати шин т1ехь йолу нажас шура чу йожарна а геч дина.
4-Ч1ери боьхал хи чохь йолу геч дина, нагахь санна цунах хи хийцаделла дацахь. Олахзарийн40 боьхалан геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера. Иза т1екхетта меттиг ц1ена лору, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.
5-Дийнатан урс хьокхучун т1екхеташ долчу ц1ийна геч дина, дийнатан урс хьаькхина вортан чуьра дог1уш хилда иза я жижигица хилда иза. Амма урс хьокхучун т1е кхетта ц1иш дукха хилахь, т1аккха царна геч ца до, д1адаха деза бедар т1ера.
6-Беро декхачу хена хьала1аьттинарг. Амма яах1ума яа дола делча 1аьттинарг д1аяккха еза, цунна геч ца дина.
Вижина волучуьн багара оьху шаттан геч дина, иза даима хуьлуш ялахь. Амма наггахь бен хуьлуш яцахь, бага ц1ан ян еза.
7-Некъаца хуьлу хот шеца нажас йолу, иза т1е кхетча цунах геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.
8-Меже яьккхича охь 1енаш ц1ий доцу са долу х1ума, ша коча х1уман чу йоьжча я цхьам цу чу кхоьссича, иза цу чохь елча цунах геч дина. Амма коча х1уман чу эгна елла йолу чохь са долу х1уманаш дукха хилла цара коча х1ума хийцнехь41, т1аккха и коча х1ума нажас лору.
9 Ши б1е (200) литр доцучу хинчу б1аьрго ца лоцу жима нажас йоьжнехь, цуьнца хи хийца ца деллехь и хи ц1ена ду.
Ши б1е (200) литр доцу хинчу са долу х1ума42 йоьжьна еллехь, масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, зинтиг иштта царех тера кхиерг а, и хи т1ох1у́р хуьлу. Хи чохь цуьнан меже яьлла ц1ий далахь а хи т1ох1у́р хуьлу.
Амма хи ши б1е литр далахь а я дацахь а, цу чу легна са долу х1уманаш дукха ялахь, уьш яла елла цара хи хийцинехь, т1аккха и хи лело мегар дац, нажас хуьлу иза.
Х1ара дериге ду нагахь санна са долу х1уманаш хи чу легаш дийна хиллехь. Амма стага елла са долу х1ума хи чу кхоьссича хи нажас хуьлу, хи ши б1е (200) литр далахь а я дацахь а. 200 литр далахь, цу чу кхоьссина елла х1умано иза хийца ца хийцнехь иза ц1ена ду.
КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: ПХЬЕГ1АШ
Муьлха ц1енчу х1умах йина пхьег1а ц1ена ю, ц1аналлехь43 лело мегар ю, и пхьег1а т1улгах я дечигах я ц1оках я джовхарах я кхечу муьлхачу ц1еначу х1уманах йина елахь а. Цунах юккъера доккху деший, детий. Деши, дети нажас дац, ц1ена ду и шиъ, адамо шен г1уллакхашкахь лело мегаш ду. Амма дешех, детехь пхьег1а ян магийна дац, хьарам ду иза. Дешин, детин пхьег1аца яах1ума яа а, мала а магийна дац. Цершинца хи лелош ламаз эцар, лийчар хьарам ду. Иза дериге стагна а, зудчунна а цхьабоьсса хьарам ду. Дешех я детех йина я и шиъ т1етоьхна44 цхьа а х1ума лело мегаш яц, масала: х1ума тоьгу маха, церган юкъа 1утту х1ума, кхи йолу муьлха х1ума а.
Иштта дешин, детин пхьег1а цхьанни х1умангахь лелош яцахь а, чохь д1ах1оттина латто а хьарам ду. И пхьег1а шегахь лелор магийна дац шарий1атехь.
Иштта хьарам ю дешех, детех йина яцахь а, и шиъ т1оьхула т1етоьхна45 йолу пхьег1а. Нагахь санна шен т1е деши я дети тоьхна пхьег1а ц1ар т1е лаьцча цунахь цхьа жиммал а деши схьадалахь я дети схьадалахь, и пхег1а хьарам ю. Амма шена т1е деши я дети тоьхна пхег1а ц1ар т1е лаьцча цунах цхьа жиммал а деши я дети схьацадалахь, и пхег1а лело мегаш ю.