Ламазан догIа - Хьусайн Шовхалов 3 стр.



 Пхьег1ан йома йилла мегаш яц дешех, йома къезиг ялахь я йоккха ялахь а. Дешех жима я йоккха йома йиллина пхьег1а хьарам ю.

Амма пхьег1ан дети жима йома йилла мегар ду нагахь санна пхег1ан дети йома тоха хьашт далахь. Амма хьаштан детех йоккха йома тоьхна пхьег1а лелор дика дац, амма лело мегаш ду, лелор хьарам дац, ца лелича мелехь ду. Амма пхьег1ан дети жима йома хазаллин тоьхнехь, и тоха хьашта доцуш и пхьег1а лелор дика дац, ца лелийча мелехь ду, лелийча къа дац. Амма пхьег1ан дети йоккха йома хазаллин тоьхнехь, хьашта доцуш иза тоха, и пхьег1а лелор хьарам ду. Амма дети йома йоккха я жима хилар нехан 1адате доьрзуш ду. Цара йоккха лорург йоккха ю, жима лорург жима ю.


Кериста неха пхьег1ашна а бедаршна а т1ехь нажас юй я яций ца хаахь, уьш лелаярха лар велча дика ду, х1унда аьлча уьш нажасах ларлуш боцун дера, делахьа йилина а, йиттина а йоцуш лело мегар ду уьш, ца лелийча мелехь ду. Амма царна т1ехь билгалла нажас яций хаахь, т1аккха лело мегар ду йилин а йиттин а яцахь а. Амма царна т1ехь билгалла нажас ялахь, нажасах ц1ан йиний бен лело мегар дац уьш. Иштта ю нажасах лар цалуш волу бусалба стега пхьег1аш а, бедарш а ю, цаьрца46 лелон дезарг кериста неха пхег1ашца а бедаршца а лакхахь лело дезаш билгалла даьккхинарг ду.


 Дезачу т1улгех47 йина пхьег1аш ламаз-оьцуш, луьйчуш, чохь д1ах1иттош, яах1ума юуш а молуш а, кхечу муьлхачу белхашкахь лело магийна ду.


 Нажасах йиначу пхьег1а чохь 200 литр барамел доцу хи лело мегар дац, х1унда аьлча 200 литр доцу хи нажас-пхьег1а чу доьттича и хи нажас хуьлун дера. Амма нажасах йиначу пхьег1ачохь схьаоьцу хи 200 литр я кхиъ сов далахь, т1аккха и хи ц1ена ду нагахь санна хин чохь нажаси бос я чам я хьожа гучу ца яьллехь.

Нажасах йиначу пхьег1а чохь ц1ена йолу екъа х1ума лело мега, т1еда х1ума лело ца мега, нагахь санна и т1еда х1ума 200 литр яцахь. 200 литр яцахь, иза нажас лорур ю.

ДИОЛАГ1А ДАКЪА: СИВАК

Цергашна сивак хьакхар суннат ду. Сивак лелор бохург: дечигац я кхечу х1уманца48 цергаш ц1ан яр, царна гуона́р мот а, доьла а ц1андар, вуо хьожа д1аяккхар ду.

Алла́х1ан Элчо, Алла́х1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: <<Аса умматан хало йийра яцахьара, аса церга омра дийра дара х1ора ламазан сивак хьакхарца>>.


Кху хьадийсо гойту Пайхамарна Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, шен уммато сивак лело мел ч1ог1а лууш хилла. Делахь а, шен умматах къинхетам а бина, царна иза суннат49 йина йитина цо, фарз ца еш, царна хало ца ярхьам. Делахь а, иза фарз ца ярх иза лелор т1ехь мало еш хила бохург дац иза, мелла иза лелор т1ехь ч1ог1а хила бохург ду.


Иштта Пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла:

<<Сивако бага ц1ан йо, Алла́х1 реза во>>.


Цундела, сивак лелочунна Алла́х1 реза хуьлу.

Сивакац даима цергаш ц1ан яр дика ду. Массо хьелашкахь суннат ю иза марха кхобуш воцучун. Марха50 кхобуш волучун делкъа хан хиллалц лелор дика ду, делкъан т1ехь марх дасталца ца лелор дика ду. Сивак гуттар ч1ог1а хьакхар деза лоруш къаьстина хьелаш ду, уьш:


1-Муьлха ламаза далле хьалха хьакхар, фарз-ламазна а суннат-ламазна а.

2-Ламаз эца волавалле. Ламаз оьцуш сивак хьокху меттиг куьйгаш дилича, бага-мерчу хи кхарзале ю.

3-Цергаш маж елчера ц1анярхьам, церан хаза бос хилийтархьам. Я цергашна юккъахь йисина яах1ум д1аяккхархьам.

4-Къуръан я 1илман дарс51 я хьадис52 доьшуш.

5-Набарх сама ваьлча дийнахь хилда иза я буьйсана.

6-Шен х1усаме чу воьдуш. Микъда́д ибн Шурайхьо дийцина шен дас 1аишате53 (Дела реза хилда цунна) хаьттинера:


<<Пайхамар Делера салават а, салам а хуьлда цунна хьалхара х1ун дора ша шен х1усаме чу веъча? 1а́ишато Дела реза хилда цунна элира: «Сивакац»>>54.


7-Багара вуо хьожа йоуьйту х1ума йиича, масала: сармсекх, хох, сигаьрк, иштта царех тера муьлха х1ума.

8-Яах1ума яаза хан яьлла багара хьожа еъча.

9-Багара вуо хьожа еъча.

СИВАК ХЬАКХАРАН Г1ИЛЛАКХАШ

1-Сивак дукха к1еда ца хилар церг1аш ц1ан ца еш я дукха ч1ог1а ца хилар доьлан чов еш, к1адалини-ч1аг1алини юккъахь хилар.


2-Сивак муьлха ч1ог1ачу ц1еначу х1уманах я мегаш ду, цергин можа бос д1абоккхуш йолучух. Суннат ду сивак муьлха дечигах хилар, дечигах «1уд» олуш ерг лелор кхиъ ч1ог1а суннат ду, цуьнан хаза хьожа хилар кхиъ ч1ог1а суннат ду. 1удах йолу сивакех уггаре вуолехь ерг, хица т1адаярца къад йина ч1ог1а ерг ю.


3-Сивак цергин лакхара лаха охьа ца хьокху доьла лаза ца дайта. Амма цергийн цхьан аг1онера вукха аг1оне хьокху. Маттан а сивак хьакхар суннат ду. Маттан сивак маттан лакхара лаха охьа хьокхура ю.


4-Суннат ду сивак хьакха волалуш баган аьтто аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца бен ца хьакхар. Цулт1ехь баган аьро аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца хьакхар. Цергашна т1е сивак хьокхуш к1еда хьакха еза, доьлаш лаза цадархьам.


5-Суннат ду сивак хьаькханачул т1ехь сивак хица йилар цунна т1ера боьхал я хьожа я кхиерг д1аяккхархьам.


6-Суннат ду бера жималехь дуьйна сивакан марзадар.


7-Сивак хьокхуш суннат кхочуш деш ву ша аьлла нийят хила деза, т1аккха цунна сивак хьакхаран Делера йоккха ял хьулу.

СИВАКАН ПАЙДАНАШ

Сивакан дуккха пайданаш бу, царех бу:


Бага ц1аняр, сивак хьокхучун Дела реза хилар, цергаш к1ай яр, багара хьож дика хилар, доьла ч1аг1 дар, къеж валар т1ехьо хилар, букъ нис балар, кхетам та балар, доьла шел ца далар, г1иллакх та далар, х1ума дагахь сацар ч1аг1 далар, ял сов хилар, са атта далар, шах1адат дага диийтар55.

ПХИОЛАГ1А ДАКЪА: АДАМИ СУННАТАШ

Адами суннаташ  уьш ларт1ахь долчу адмаца хила деза х1уманаш ду. Уьш Ислам  динан г1иллакхаш ду.


1-БАГА ХИ КХАРЗАР

Ламаз оьцуш бага хи кхарзар.

2-МЕРЧУ ХИ КХАРЗАР

Ламаз оьцуш мерчу хи кхарзар

3-СИВАК

Сивак лелор тайпа-тайпанчу хьелашкахь56.

4-СТАГА МЕКХ ДАЦ ДАР

Мекх дац дар Ислам динан а, Пайхамари а (Алла́х1ера салават-салам хуьлда цунна) суннат ду. Мекх дац даран куца шиъ ду:


1-Мекх до́лу лакхарчу балда т1ера ч1ор гучу даллалц мекх дац дар, ч1оьра т1екхаччалца лах цадеш. Я д1аацадошуш.


2-Лакхара ц1е балдах т1ех долуш дерг д1адаккхар ц1е балда гучу даллалц, цулла т1ех ца долийтуш.


Суннат ду мекх дац да д1аволавалар аьтто аг1ора. Суннат ду 40 де ца далийтар мекх дац цадеш. Мекх ша дац да мегаш ду я кхечуьнга дац дайта мегаш ду.

5-СТАГА МАЖ ЯХ ЯЛИЙТАР

Йоккха еха маж хилар суннат ду. Пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Маж охь хеца>>.

Кхечу шен хьадийсехь цо аьлла: <<Маж гул е>>.


Мажан яхали дикох болу барам: ч1енги т1ера буй бича буйно д1алоцург бу, цулт1ех яьлларг д1ахадор дика ду йитича а х1умма дац. Буйни барамел лахара маж лелаяр дика дац, амма къа дац. Маж яц ян мегаш ду, генара хьаьжича юьхь т1ехь маж ю аьлла гуш йолучу барамел. Амма маж д1аяшар хьарам ду, къилахь ду. Маж яхка хьокхуш лелаяр суннат ду.


Коьрта месаш шар яр, царна даьтта хьакхар57, пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шен меш йолучу, церан сий дойла>>.


Меш коьрта юккъула сиз боккхуш шина аг1ора58 д1асахьакхар пайхамари, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, суннат ду. Корта д1абаша мегаш ду. Коьртан меш т1ера а, маж юкъара а к1ежбелла чо д1абаккхар дика дац, ша ма бар 1аддабитар суннат ду. К1ежбелла корт а, к1ежъелла маж а можачу я ц1ечу басарца басара бар суннат ду. Кхечу басаца59 а мегаш ду. Амма 1аьржачу басаца корта а, маж а басар бар хьарам ду джих1адехь доцург. Джих1адехь волучу стагна к1ежбелла корт, к1ежъелла маж 1аьржачу басаца басар бан магийна ду, х1унда аьлча мостаг1чунна шена доьхьала волу бусалба стаг к1еж велла къанвелла стаг ву ца моттийта, Маьллаъ 1аржа месаш, маж йолуш жима къона стаг ву моттийта, цунах цунна кхерам хилийта.

Меш т1е кхи меш тийсар хьарам ду. Чкъор дагор60 хьарам ду.

6-М1АРАШ ХЕДАЯР

Куьйга а, кога а м1араш хедаяр суннат ду стагна а, зудчунна а. Суннат ду м1араш д1айохуш аьтто куьйга т1ера волавалар, цулт1ехь аьро куьйга т1ера вола валар, цулт1ехь аьтто коган т1ера, цулт1ехь аьро коган т1ера.


М1араш д1ахедоран хан м1араш ях яларца йоьзна ю, ях елча д1ахедора ю. Имам Шафи1ис а, Дала къинхетам бойла цунах, кхи болу 1елам наха а, Дала къинхетам бойла царех, дика лаьрра х1ора п1ераскан дийнахь м1араш д1ахедор, т1ема къелара чоьш д1адахар, бехке меттиг ц1ан яр чоьш д1адашарца. М1араш д1ахедича куьйга т1ера м1арех хи хьакхар дика ду, ц1аналла кхочуш хилар ду.


Суннат ду м1араш цахедош 40 де ца далийтар.

7-ХУТТУРГАШ ЙИЛАР

 Куьйга а, кога а п1елгин хуттургаш йилар суннат ду. Х1унда аьлча, царна юккъахь боьхала гулло.


 Лергин чухула хьоьвзина меттигаш йилар а, лерг чуьра ц1андар а суннат ду.


 Мара чуьра ц1анбар суннат ду.


 Дег1 хьацарах, ченах, кхи йолучу х1умах ц1ан дар суннат ду.

8-Т1ЕМА К1ЕЛЕНАШ Ц1АНЯР

Т1ема к1еленаш ц1аняр бохург, т1ема к1елара чоьш д1адахар ду. Суннат ду т1ема к1елара чоьш куьйгаца ийзадеш д1адахар, х1ора чо цхьацца схьаозабеш. Д1адаша а мегаш ду. Суннат ду хьалхара аьтто т1ема к1еле ц1аняр, цулт1ехь аьронаг. Т1ема к1еле ц1ан ца еш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.

9- МЕРА ЧУЬРА ЧОЬШ Д1АДАХАР

Мера чуьра дах делла чоьш ийзадеш д1адаха мегаш ду. Я д1адаша мегаш ду, ийзадеш схьаацадохуш.

10-БЕХКЕ МЕТТИГ Ц1АНЪЯР

Стагна а, зудчунна а суннат ду хьалхарчу бехке меттиган гонахьара чоьш д1адашар. Дац да а, схьаийза да а, крем хьаькхина д1адаха а мегар ду, амма стагна суннат дерг61 чоьш д1адашар ду, зудчунна суннат дерг62 чоьш ийзадеш хьадахар ду. Зудчо д1адаша а, дац да мегар ду.


Шен бехке меттиг х1ораммо ша ц1ан ян еза, кхечуьнга ц1аняйтар хьарам ду. Делахь а, зудчо шен х1усам ден бехке меттиг ц1ан я мегар ду, дикох дерг стаго ша ц1анъяр ду, шен х1усам ненига ц1ан ца йойтуш. Бехке меттера чоьш д1ацадохуш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.

10-ХИЦА Ц1АНО ЯР

Хьат1 г1уллакх63 а, доккха г1уллакх64 а дича хица ц1ано яр суннат ду. Хица ца еш, кхечу х1уманца я мегар ду. Цунах лаьцна лахахь хьахадина аса «Ламазан ц1ано яр декъехь», цигахь дойзура ду хьуна цунах дерг кхачам болуш Делан пурбанца.

11-СУННАТ ВАР65

К1ант суннат вар фарз ду. Йо1а суннат яр суннат ду, фарз дац. К1ант суннат вар хуьлу цуьнан хьалхарчу бехке меттера ч1ор хада дарца корта гучу баллалц. Йо1а суннат яр хуьлу цуьнан хьат1 ара долучу меттера лакхара жиммалца ч1ор хада дарца. К1ант суннат вар бахьана, иза 1овратан коьрта т1ера ч1ор д1ацадаьккхича, цунна бухахь хьатт1ан т1адамаш дисар ду, т1аккха уьш жим-жима охьа довлу, т1аккха ламаз карар долу цунна шен даьллий ца хууш, т1аккха ламаз карахь доцуш ламазаш до цо, т1аккха цунаха йоккха дакъазалла хуьлу цунна. Вуьшта а цу ч1оьран бухахь хьатт1и т1адамаш хилча цунах лазар хуьлу. Цундела фарз ду к1ант суннат вар.

Амма йо1а суннат яр бахьана, цуьнан шах1ват66 лахдархьам ду. Зудчуьн шах1ват ч1ог1а хуьлу, цундела иза хьарамчух ларъеш еш ю иза суннат. Йо1 суннат яр фарз дац, суннат ду67, иза суннат ца йича къа дац.


К1ант а, йо1 а ч1ог1а лерина хадо дезаш ду. Хьам-хьамма да мегар дац иза, лоьро я и болх бойзучо бен.


К1ант суннат вар фарз хуьлу иза кхиича68, х1унда аьлча, кхиича ламаз а, кхин долу динан фарзаш т1е дужу дера цунна. Т1къа суннат вина ца хилча ламаз карахь хира дац цуьнан, т1аккха ламаз карахь хила деза фарзанашна ц1ена хира вац иза, х1унда аьлча, хьатт1ан т1адамаш дуьсу дела цуьнан 1овратан ч1оьран бухахь.


К1ант а, йо1а а кхиале суннат дар суннат ду. Дезох дерг бера дуьненчу даьлла 7-чу я 14 я 21 дийнахь суннат дар ду, нагахь санна бера г1ийла дацахь. Г1ийла далахь т1аьхьо суннат дийра ду, онда даьлча.

12iАТiАР ТОХАР

1ат1ар тохар бохург  хаза хьожа йолу х1ума хьакхар ду. Хаза хьожа йог1у х1ума хьакхар суннат69 ду. Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, IатIар тохар т1ехь ч1ог1а сутара хилла, иза дезаш хилла цунна. Шена совг1атна 1ат1ар делча схьаоьцуша хилла цо, цундела кара́х1ат70 ду шена совг1атан 1ат1ар делча иза схьацаэцар, Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шена 1ат1ар лучо иза юха ма тухийла>>.


1ат1ар х1ора дийнахь тухура дац, цхьан дийнахь тухуш, вукху дийнахь ца тухуш лелора ду. Х1ора дийнахь 1ат1ар тохар дика дац.

Суннат ду бусалба стагна кеч валар, куьзган чу хьажар. Суннат ду стагна а, зудчунна а куьзган чу хьаьжича алар: <<Я Алла́х1, Ахь сан куца дика дар тера, сан г1иллакх а дика де Ахь, сан юьхь ц1арна71 хьарам а е Ахь>>.


Амма зуда шен чохь кеч яла еза х1усамдена. Хийрачу божаршна кеч елла гучу яла хьарам ду зудчунна иза ара яьлча я хийра наха церан керта баьхкича. Хийрачу божаршна хьалха зуда фарз-духар доьхний бен гучу яла йиш яц. Зудчуьн фарз духар куьйган хьоркашна т1е кхаччалца ши куьг хьулдина долуш, юьхь бен гучу ца йоккхуш дег1 шуьйрачу бедарца къайла даьккхина хилар ду. Х1усамдена хьарам ду шен зуда фарз духар доьхна йоцуш, кеч елла йолуш хийрачу божаршна гучу ялийтар.

Примечания

1

 Понедельник.

2

 Йохкар-эцар (Торговля).

3

 Лунный календарь.

4

 Солнечный календарь.

5

 1ибадатехь бохурга: ламаз эцар, фарз я суннат лийчар я муьлха хи лело т1едиллиначу х1умангахь т1ох1у́р хи лело деза. Иштта бусалба динехь хи лело аьлла меттиг чу лоцу 1ибадат бохучу дашо.

6

 Медь.

7

 1аламан бахьнаца бохург (это природные явления, которые происходят без участия человека).

8

 Муста1мал, иза  ламаз оьцуш, фарз лийчаран луьйчуш, нажас д1айоккхуш лелийна (использованный) хи ду.

9

 Фарз ламаз оьцуш, фарз луьчуш.

10

 Суннат ламаз-эцар иза: 1-ламаз карахь долушехь, цунна т1е керла ламаз эцар ду. 2-Шоллаг1а я кхозлаг1а меже йилар ламаз оьцуш. 3-Суннат лийчар, фарз доцуш.

11

 Нажас х1ун ю, цуьнан тайпанех лаьцна, нажас юьйцу декъехь хуур ду хьуна.

12

 Бос, чам, хьож.

13

 Ц1ена хи доцург.

14

 Тема дарх лаьцна дакъа т1аьхаь схьадог1ура ду. Цигахь дойзура ду хьуна тема х1ун ду, иза муха до, кхин а дуккха х1ума цунах лаьцна.

15

 Стега а, зудчуьн а.

16

 Сперма.

17

 Сперма.

18

 Масала: Ж1алий, хьакхий хилла доьзал.

19

 Масала: Ж1алий устаг1ий хилла доьзалхо. Я хьакхий эсех хилла доьзал.

20

 Белое выделение.

21

 Ойхьаза юкъа меттиг хуьлуш (При половом акте).

22

 Животное.

23

 Желудок.

24

 Из груди.

25

 Выделение.

26

 Возбуждение.

27

 Выделение.

28

 Селезёнка.

29

 Клоп.

30

 Блоха.

31

 Хьа́ким, 4/239.

32

 Копыта.

33

 Ж1алехи, хьакхахи схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан да-нана ж1алий, хьакхий долун дера.

34

 Масала: хьакхехий, цицигахий схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан дех-ненах цхьаъ хьакх йолундера. Иштта ж1алица а хуьлу. Масала: ж1алехи, котамахи схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан дех-ненах цхьаъ ж1ала долун дера.

35

 мот, мар, багара шат, хьат1, боьхал, цуьнан кхи йолу т1еда х1ума.

36

 Вакхош волу.

37

 Не объязательно.

38

 Б1аьрса са дика долчун б1аьрган гуш йоцург. Амма б1аьрса са вон долчун ца гарха тергам беш бац.

39

 Шури бос я чам я хьож хийцнехь, шура боьха ю.

40

 Птицы.

41

 Коча х1уми бос я чам я хьож хийцахь.

42

 Кхузахь лууш йолу са долу х1ума шен меже яьккхича ц1ий ца оьхуш ерг ю, лакхахь хьахийнаш санна.

43

 Ламаз оьцуш, луьйчуш, кхидолучу х1уманна хи лело.

44

 Позолоченный, посеребренный.

45

 Позолоченный, посеребренный.

46

 Нажасах лара цалуш волу бусалба стега пхьег1аца а, бедарца а.

47

 Брилианты, изумруды, жемчуги ти. д.

48

 Бехчалг, цергаш юьлу щётка (зубная щётка) я кхи ерг.

49

 Суннат дина х1ума ца дича къа дац, амма фарз ца дича къа ду, и башхалла ю цершин юккъахь.

50

 Фарз я суннат марх, башхала яц.

51

 Урок шариатских знаний.

52

 Хьадис,  иза Делан Элчо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла дешнаш ду.

53

 1а́ишат Делан Элчи Делера салават а, салам а хуьлда цунна х1усам нана ю.

54

 Муслим: 253.

55

 Шах1адат: Ла́ ила́х1а иллалло́х1  алар ду. 1ожул т1ееъча сивак хьокхучунна шах1адат а дага дог1ура ду.

56

 Сиваках лаьцна лакхахь дийцина.

57

 Коьртанн меш шаръяр а, даьтта хьакхар а х1ора дийнахь хила мегар дац, юкъа денош довлуьйтуш хила деза.

58

 Аьтто а, аьро а.

Назад Дальше